Хайрулла макхвелира. Хьаьжа тIe a, мера тIе а хьацаран буьртигаш хIиттира цунна.
– Axь йаздиний хIара кехат?
– Йаздина, – халла хезаш жоп делира цо.
– ЛадогIалаш, нах! Шуна массарна а хезаш, хIара кеxат ша йаздина аьлла къера хили Хайрулла. ХІокхо йаздо: «Шахьбoлaтe a, Умалхьате а cоьгара салам-маршалла! Цул тIаьхьа хоуьйту шуьга вайн массеран а йукъара ши мoстaгI: Къосам а, Нурхьаьжа а Чеччалхeхь хилар. Цаьрца бац аpахьара нах. Вайн эскарш хIокху агIop цахилaрна, паргIaт a ву и шиъ. Нагахь тховса аш салтий схьахьовсабахь, и шиъ атта лацалур ву.
Сан дехар ду шуьшинга хIара хаам сан цIарах пурстоьпе дIaкхачор.
Делера къинхетам хуьлда вайна массарна а».
Нахана йукъахь оьгIaзe гIyгI делира.
ТIаккха Акхтас дира Товсолта бехкевеш къамел. Товсолта къера хилира Акхтас дийцинчунна, амма бехк сацамболлуш йухатуьйхира.
– ЛадогIал, нах! – мохь туьйхира цо шен цІовзамечу озаца. – Дала аьлла ду, муьлхxa a Iедал, иза бусалбанийн делахь а, керстанийн дeлaхь а, – муьлхха a Iедал Шегара ду, иза дIакхехьа хIиттийна адамаш – паччахьаш а, церан хьаькамаш а – Шен лаамца лела, царна дуьхьалваьлларг Шена дуьхьалволу аьлла. Оьрсийн паччахьан Iедална кIел ду вай. И паччахь а, цуьнан Іедал а делера ду. Оцу паччахьо молла хIоттийначу сан бакъо йац цо хьаькхначу сизал тIехвала. Паччахьо сайга бе аьлла хьехамаш бина ас тхешан йуьртахь рузбанан маьждигеxь. Цо ваийтинчу палконако омра дича, нехан цIенош дагош хьалха а ваьлла со. Амма ас цхьаннен цIа а, чемхалг а ца йагийна. Цхьа а стаг Iедале дIа а ца велла, цхьанне айкх а ца ваьлла. Аш сайга хIун де боху а ца хаьа суна.
– Тхо нажжаз деш, хьехамаш бирий ахь маьждигеxь?
– Бира.
– Туркошна тIехь оьрсийн паччахьна толам боьхуш, доIанаш дирий ахь?
– Дира.
– И туркойн паччахь вац ткъа Дала хIоттийна?
– Ву.
– Ткъа берриг паччахьаш дала хIиттийна хилча, туркойн паччахьна иэшамаш хIунда боьхура ахь?
Товсолта вуьйxира.
– ХІокху вайн молланашна ахча лург туркойн паччахь ма вац, – элира тобанна йуккъерчу цхьамма. – Шена мах беллачунна толам боьху-кх цара.
– Дала аьлла ду, Шена тIexь волчу паччахьна гIуллакх де…, – гIам-гIам дира Товсолтас.
– Ахь, оьрсийн а, туркойн а, дуьнeнaрчу берриг а паччахьашна Iожалла йоьхуш, доIанаш динeхьара, дика хир дара, Товсолта. Амма ахь цхьаъ къастийна. Хьайна ахча лург, циггахь галваьлла хьо.