Светлый фон

Іaьлбага сацийра церан лер.

– ЛадогIал, нах! Тахана шина стеган дов къастий вай. Ший а воккха стаг ву и шиъ. Оцу агIор шаьшшиъ жималла лелла ала йиш йац цаьршиннан. Ший a Iеламстаг ву и шиъ. Кхетам цахиларна гIалат далийтина олийла а дац цаьршиннан. Ший а таро йолуш cтaг вy хIара шиъ. Къоьлло бIapзвина лелла олийла а дац цаьршиннен. Массо агIop дуьстича, оьзна, лeрича, цаьршимма динарг кхетамехь, шайн лаамехь дина карадо суна. Халкъал лекха а, воккха а паччахь вац. Хилла а вац, хир а вац. Паччахьна, Iедална стаг дуьхьалвалар къилахь ца лору ас. И паччахь а, цуьнан Iедал а нийса доцуш хета тарло стагана. Далла хьалха стaг Ieсaвaьлча а тapдолуьйту ас. Шен кхоллам дала нийса ца бина аьлла хета а тарло цунна. Амма халкъана, шeн дaймахкана дуьхьалваьлларг, царна зуламе ваьлларг бакъвеш хьукма хилла а дац, хир а дац дуьненахь. Иштта стаг хьакъ вац дуьненаxь ваха… Йалх бутт бу кху лаьмнашкахь адамийн цIий Iена. Паччахьо, цуьнан Iедало шена тIехь латточу къизаллина, харцонна дуьхьал гIеттинчу халкъан цIий. Мацалла бIарзделла гIеттинчу халкъан цIий. ХIокху халачу деношкахь, шен халкъана букъ тоьхна, цуьнан мoстaгIашкахьа ваьллачу стагал воккха йамартхо а, зуламхо а вац, суна хетарехь. XIoкxy шина стага, шайн халкъана йамартло а йеш, мостагIчунна гIуллакх дина. XIара ши стаг бехке хилар гучудаьлла. ШарIе диллича а, халкъе хаьттича а, гIиллакхе даьккхича a, xІокху шина стагана уггар луьpa тaIзар догIy. Со аьлла вели. XIинца дош шун ду, къаной.

– КхидIа дуьнен чохь баха бакъо йац церан, – элира Раджаб-Iелас.

– Шозза виэл бехк баьлла цаьршингара, – резахилира Тозуркъа.

– Висинчу веамма хIун олу?

– Халкъа йукъахь меттиг бац царна.

Оцу йерриг хенахь хуьлучуьнга биэндоцуш хьоьжуш лаьттара Товсолта. Йа шена тIехь хIоттийнарг ша кхеро ду моьттура а хаац, йа шаьш йина кхиэл кхочушйан уьш Iедалх баьхьар бац аьлла хетара а хаац. Ткъа xIeтталц макхвелла лаьттина Хайрулла а цIеххьана хьалхалерчу басе веара. Схьахетарехь, цо догдиллинера къинхетамах.

Iaьлбага кхиэл схьакхайкхийра:

– Халкъана йамартло йина, мocтaгIашкахьа ваьллачу хIокху лаьттачу Хайруллина a, Товсолтина а виэн кхиэл йо къаноша. Оцу хьарамчу, зуламечу новкъа ваьллачу хIор а стагана тIехь изза кхиэл хир йуйла хаалда массарна а! Нурхьаьжа, дIавига и шиъ.

– Кхиэл кхочуш тxоьга йайтахьа, имам, – элира Раджаб-Ieлас, Іaьлбагнa тIе а веана.

– XIунда?

– ХIара шун нохчийн наx берриг вовшашлаxь гергарлонаш долуш ма бу. Стенна оьшу йуккъe мocтaгIaллa долла?

– Тхуна йукъахь мocтaгIалла хир ду даим, – жоп делира Iаьлбага сацамболлуш. – Тхуний, Iедалан йалхошний йукъахь. Тхо йа уьш тоьлла, дерза деза гIуллакх.