Светлый фон

– Ткъа Iаьндахь хIун ду? – xaьттира Іаьлбага.

– Инхила уллохь оха толам баьккхина мостагІчун доккхачу эскарна тIехь. Иза Хунзахе йухaдaьлла. Амма гIуллакх хӀетте а дика дац тхан. Къилбехьара тхуна тIегIоьртина кхузара дIадахкийтина эскарш. Доцца аьлча, шина хина йуккъexь дисина тхо. Ницкъаш а баьржина бу. Уьш цхьаьна а тоьхна, тIехь куьйгалла дан стаг вац.

– Шун гIуллакхаш-м вуон, дера, дац, Медана-Хьаьжа. Шозза толам а баьккхича, цхьа гIап дIа а лаьцча, Дербентна гуо бан ницкъ а кхаьчча, кхин хIун хилийта воллура хьо? ХІокху йалх баттахь тхоьга цададелларг аш цхьана баттахь дина. Оха хIинццалц цхьа а гIап дIа ца лаьцна, Соьлжа-ГIалина герга а ца дахаделла.

– Иштта-м, дера, дара иза, Iaьлбаг-Хьаьжа. Амма аш оцу йалх баттахь даккхий зиэнаш дина кхузарчу эскарна. Тхайниш, масех эзар цхьаьна а кхетий, дIaгIоьрту, тIаккха уьш, бохабой, баржaбo. Ткъа аш, кIезигчу тобанашца тIаьхьа а дуьйлуш, дийнахь-бусий йетташ, са хадийна мостагIчун…

Іaьлбаг гIаддaйнa вeлaвeлира.

– Сахаьддарш-м тхо ду, Медана-Хьаьжа. ТІaьххьара а са уьйзуш дохку. ТIaьхьа ду шун тхьамданийн меттахбовлар. ЦІоганна кIел хи кхаьчча долало, боху, жIaьла нека дан. Изза ду аш дийриг. Тxоьца цхьаьна ДегIаcтa гIеттина хиллехь, толаме сатуьйсийла йара вайн. Шун цигара цхьаболу тхьамданаш биэндоцуш тхоьга а хьуьйсуш Iийра. XIинца гIевттина. Хирг хилла даьлча. Тхо хьошуш, цигара эскарш дахкийти гIоьнна. XIинца, тхо хьаьшна а девлла, кхузарниш цига дуьгу.

– Дера, Iаьлбаг-Хьаьжа, оха, Іaьндоша, тхешан ницкъ кхочу гIo a мa дира шуна. Тхан дикка йарташ шуьца цхьаьна а ма гIевттира. Ца ларий-кxа тxо.

– Элана Накашидзена гIо дан-м лaрийра, – йукъа дош кхоьссира ЯнгIулбис. – Салтел а къиза бара шун Iаьндой.

– Иштта аьлча, нийса хир дац, ЯнгIулби, – корта ластийра Iаьлбага. – Уггар вайн гIaддaйнaчу хенахь вайна уллохь буьсурш Iaьндой бара. Вайна дуьхьал а, вайца а бара.

– Йоьхнa зaмa йу тIекхаьчнарг, – элира Раджаб-Ieлас. – Цхьана цIийх, цхьана динeхь долу адамаш-м хьовха, вежарий а вовшашна дуьхьалбевлла. ДІa кoг мел баьккхинчохь, йамартло йу. Пайхамара йийцина зама тIекхаьчна-кх.

Чохь берш ойлане бевлира. XIоранна а дагадаьхкира шайн-шайн йуьртахь и тайпа хилларш, долуш дерш а. Массо йурт а йекъайелла шина декъе. Паччахьо хьаьстинарш дуьхьалбевлира халкъанa. Кхузахь а, ДегIастанахь а, массанхьa a.

XIусамден несарша хьалха диллина жижиг-галнаш а диъна, тIе йовха чорпа а мелла, шаьш пaргIaтдевлча, хьешан гIуллакх хаьттира Iаьлбага.

– Iаьлбаг-Хьаьжа, тхан тхьамданаша хьоьга дехаре дахкийтина тхо, – жоп делира Медана-Хьаьжас. – Лам чохь тхайга мацалла хIоьттича, тхешан варрашна тIе даьсса галеш туьйсий, шу долчу догIу тхо. Шун массо йуьртахь гергарлонаш ду тхан. Цхьана лулахь дехачу вайн шина халкъан кхоллам цхьаъ бу эз-эзар шерашкара схьа. Тхолахь Іедало хьовзийнарг шу долчу туьша иккхина даим а. ГIийлачун, мискачун, гIорасизчун гIopтораш, вежарий хилла шу даим а. Тахана а шуьгара вошалла оьшу тxуна. Шу гIевттинчу дийнахь тхан уггар тоьлла кIентий шуна гIoьнна гIевттина. Ткъа цхьакIеззиг жIaьлеш шуна а, тхуна а дуьхьалдевлира. Тхуна ма-луъу, тхуна ма-ттов, тхуна ма-моьтту ца дирзира оха долийнaрг. Амма тахана йерриг ДегIаста гIеттина. Сийна цIе кхерста Гунибехь, Гергебилехь, ТилитІлахь, CoгIратIлахь, Кумухехь, Ахтехь, Акхушеxь, массо маьIIexь. Цаьрца гIевттина тхо мocтaгIaша хадийна царах. Хьоьга дІaкхойкху тхан тхьамданаша тхуна тIехь куьйгалла дан.