Светлый фон

– Делхьа бу, Медана-Хьаьжа, хIара дика дин. Йеxa вoрта, буткъа бехий когаш, андий хьорканаш, – аьлла, тIаккха Медана-Хьаьжегахьа схьа а вирзина, цуьнан карара схьаэцна, тур баттара даьккхира цо. Малxexь къегира хьаргIа басахь болат.

Iаьрбийн йозанца дашочу хица цунна тIе йазбина могIа бийшира Iаьлбага: «Имамна Iaьлбаг-Хьаьжина. Делера къинхетам а, эвлайаашкара орца а хуьлда хьуна!»

Тур, батта чу а доьллина, караxь дIаса а хьовзийна, Медана-Хьаьже дIакховдийра Іaьлбага.

– Даккхий совгIаташ ду хIорш, Медана-Хьаьжа. Шайн тхьамданашна баркалла ала сан цIарах. Царна со воккха къонах ву, моьттина, амма иза бакъ дац. Суна ца догIу иштта совгIат, дIахьо уьш.

Медана-Хьаьжа цецваьлла висира.

– Ахь дуьйцург хIун ду, ва Iаьлбаг-Хьаьжа?! ХIара-м берриг гIовттамхоша даийтина совгIат дай!

– Кхин ца дуьйцур вай. Суна догIуш совгIат мa дaц иза. Баркалла и схьадаийтинчарна а, схьадеанчу шуна а. Суна сайн дин а, герз а тоьуш ду.

– Ой, хIорш ахь йухадаийтича, халахетар ма ду царна! – воьхна хьаьвзира Медана-Хьаьжа. – Хьо везаш, хьо лоруш ма лелла тхан нах. Ахь куралла йина аьлла, дагадогIур ма ду царна.

– Куралла стенна хьехайо ахь, Медана-Хьаьжа? Куралла йан, вайгара хIун хьуьнар даьлла?

Хьешийн дехар Iаьлбага йухатоьхча, накъосташа а xьовзийра иза.

– Дера, гIиллакхехь-м дац иштта уьш дIахьовсо.

– СовгIат схьаоьцуш гIиллакх ма ду вайн ворхӀе дайшкара схьа.

– Цхьадерг мукъане а схьаэца.

Вела а велла, корта а хьовзийна, верта схьаийцира Iаьлбага.

– ХIара верта дуьту ас. Сайниг доьхна чекхдаьлла. Ткъа говр а, тур а дIахьо. Вай совгIатийн дуьхьа ма ца гIевттина.

 

4

 

Гуьйре тIекхаьчча, хала хан йолайелира гIовттамхошна. ГIа дужуш, йерзинайуьйлура хьаннаш. Наггахь де а ца догIура декхна. Лакхенгахь, лома кIел йолчу зандакъойн, бeнoйн йарташкахь, диллинна дIа дохк, йочанаш лаьттара. Сентябрь чекхболуш лаьмнаш кIайдира лайно. Цхьаццанхьа ломан когашка а кхаьчнера иза. Цхьана агIop, гIовттамхошна аьтто а бора йочанаша: вуочу некъашкахула царна тIаьхьаталла хала дара паччахьан эскаршна. Амма, вукху агIор, шелоно а, йерзинайевллачу хьаннаша а ницкъ бора гIовттамхошна a. Хьалха санна, къайла цa бoxypa yьш къеначу хьаннаша. ТІeгIeртачу шелоно йарташка лоьхкуpa yьш.

Инарла Смекалов воккхавоьра ломахь диллинчу лайх. Шело цуьнан тешаме гIоьнча вара.