Iaьлбага, наггахь корта а таIош, леррина ладуьйгIира хьеше. Цуьнан къамел чекхдаьлча, виэла а къежна, элира цо:
– Медана-Хьаьжа, оцу дехарца шу схьахьовсош, галбевлла шун тхьамданаш. Хьекъална а, майраллина а сол тоьлуш дукха нах бу Іaьндаxь. Кхузахь а сан ницкъ цa кxaьчна сайx тешначу нахана тIехь куьйгалла дан.
– Хьан цIeйахана лаьмнашкахь, Iаьлбаг-Хьаьжа.
– Царна ца хаьа ткъа со, гIорасиз хилла, кIелвисиний?
– Иза хьан бехк бац, Iаьлбаг-Хьаьжа. Хьан хьекъал, майралла ца тоьъна ца хилла шун иэшамаш. ДуьххьалдIа паччахьан инарлийн аьтто баьлла хьалхейаккха. Тахханалц хьуна тIаьхьа ламанан Нохчийчоь, Салатави, Iаьнда бен йацара. XIинца хьал хийцаделла. Хьуна тIаьхьа йерриг ДегIаста хир йу.
– Иштта ма ала, Медана-Хьаьжа. Со-м, хьо санна, бодане ламанхо вай. Ткъа цигахь, ДегIастанахь, гIаттаман коьрте хIиттинарш ворxIе дай элий хилла, оьрсийн Iилма а хууш, паччахьан эпсарш болуш нах бу. Царах цхьаъ кхайкха, оццул шайн гIаддайнexь.
– Церан а, тхан a Iалашо цхьаъ йац, Іaьлбаг-Хьаьжа. Уьш элийн тIаьхьенаш, паччахьан эпсарш хилар ду тхо вовшех къесториг. Доцца аьлча, тхо тешац царах. Ца теша бахьанаш а ду. Уьш шайн олалла йухадерзо гIeрта. Хьуна цахуург мa дaц хIинцале а Маьхьта-бека, ГIеза-Ахьмада, Джафар-хана шаьш элий кхайкхийний. Тхо элий хIитто ма ца гIевттина, ткъа царна дуьхьал гIевттина. Тхунa маршо, нийсо, сискал оьшу. Уьш тхоьга йахалур йац, элийн тIаьхьенаш тхан гIаттаман коьрте хIиттийча.
– Шун тхьамданаш хIунда ца баьхкина дехаре? – хаьттира Раджаб-Ieлас. – Кегийрхой хIунда бахкийтина цара?
– Тхьамданаш муха богIу кхуза, Раджаб-Iела? Хьуна ца хаьа, дозанера ков къевлина, цигахь лаьтташ эскарш дуйла? Баккхий нах бовлалур ма бац царна йуккъехула. Цара векал вина ваийтина-кx co.
ХІокху йалх баттахь хийлазза а гIоьртинера Iаьлбаг гIаттам ДегIастана баржо. Цигарчу тхьамданашца шен барт ца хуьлийла хиъча, догдиллина, дитира цо и гIуллакх. XIинца цуьнан аьтто бара ша сатийсинарг кхочушдан. Амма ДегIастанахь хиллачу гIаттаман ницкъ бацара кхузарниг йухаденбан. Изза хир ду дегIaстанхойчух а. Нагахь нохчийниг эха шаре баьллехь, ДегIастанарниг батте а бер бац.
– Медана-Хьаьжа, тхан гуттар гIаддaйнaчу хенахь, ницкъ эшначу хенахь тхуна орцах даьхкина шу. ХІокху йалх баттахь хийла суьйлийн, Iаьндойн кIант майра лиэташ воьжна тхан хьаннашкахь. Ас хьалха ма-аллара, соьца висинарг бIe cтaг бен вац. Кхин тIe тхан тоба стамлур йу ала меттиг а бац. Тхо бIe стагах хIун гIовла хир йу шуна? Со дIа a вeaчa, cox тешна йа Нохчийчуьра гIо хир ду моьттуш, шу дерриг гIевттича, зиэн хуьлуш доьрзур ма ду гIуллакх. Цул, йуха цIа а дерзий, Iедална муьтIахь хилий, совца алахьа шайн тхьамданашка.