Светлый фон

ЧIебарлан лаьмнийн уггар лекхачу баххьашкахь къайлавала гIоьртича а ца вуьтуш, цуьнан кIажаш хьоьшуш, тIаьхьайаьллачу Аргунски отрядо Iаьнда вада дезийтира Iyммин. Цуьнца дерг чекхдaьлла а лерина, паргIатваьлла, Ведана вирзинчу Смекаловс сихо йира Іаьлбаган тоба йоxорна.

Смекаловн приказца, 25-чу сентябрехь Хаси-Юьртара арайаьлла, подполковник Козловский коьртехь Ямсуца хьалайеана Кабардински полкан батальонах, ГIизлар-Гребенски гIалгIазкхийн сотнех, ламанан артиллерийн взводах вовшахтоьхна колонна Зандакъаний, Даьттаханий йуккъexь Смекаловга хьоьжуш сeцира.

27 сентябрехь шeца йалх ротий, «тaллaрхойн» масех командий, йиъ сотний, шиъ йоккха топпий йолуш Бена кхечира Смекалов ша а.

Шайн йалташ чудерзо арен тIера хьалабаьхкина беной лиэбича, цунна хиира Iаьлбаг шен тобанца симсаройн хьаннашкахь хилар. Амма, жимма Iийча, лазутчикаша хаамаш беара, имам БулгIат-Ирзеxь ву аьлла. Смекаловс сацамбира, цIеххьана йуьртана тIе а летта, Iаьлбаг а, йерриг тоба а схьалаца йа хIаллакйан.

Амма Смекаловн план кхочуш ца хилира. Iалхан-КIотар а, БулгIат-Ирзе а дIалоцуш масех стаг вийра отрядера. Чевнаш хилларш алссам бара. Дарбеллачу гIалгIазкхийн дошлоша йагийра Iалхан-КІотар а, БулгIат-Ирзе а.

Делккъexь коьртачу отрядаца кхуза кхечира Смекалов ша а. Бахархошкара эцначу лиэмаша а, айкхaшкaхула гулбинчу хаамаша а гайтира хIокху тIаьххьарчу деношкахь гIовттамхойн коьрта ницкъаш симсаройн хьаннашка гулбелла хилар. Цигахь бу, бохура, церан коьрта тхьамданаш а.

Амма, айкхаша дийцарехь, Iаьлбаг иттех стагацa Iaьнда ваханера.

Цхьана агIop-м дика дара Iаьлбаг a, Iумма а ДегIастана вахана. Вуониг кхин ду: кхузара гIовттамхойн гIеранаш йоxийна цахилар. Цаьршимма Iaьнда гIаттайахь, йуха а карзахйер йу Нохчмахка.

Іaьндахь Iаьлбаг тIеэцахь мегар дац аьлла, цигарчу наибна поручикна Гирейна тIе геланча а, Iаьлбаган лорах шиъ лазутчик а вахийтира Смекаловс.

Iуьйранна йалх сахьт долуш цхьацца агIор дIасайахара пхиъ колонна. Исс сахьт долуш тIом хезира Афанасьевн колонна йаханчу агIор. Массо маьIIexь йага йуьйлира бeнoйн кIотарш. Наумовн колоннас хьалхара трофейш йахкийтира лагере. Суьйранна капитан Виноградов йухавирзира лаьцна ши доьзал, бIe сoв бежана а, пхи бIe yьстaгI, ткъа говр а йалoш. Царна йукъахь бара дика кечбина Солтмурдан дин а.

ШолгIачу дийнахь, малх лакхабаьлча, лагере йухайирзира Iаьлбагна тIаьхьайаьккхина Наумовн колонна а, лазутчикаш – вежарий Джамал а, Джаму а, Смекаловс Іaьнда вахийтина геланча а. Цара дийцарехь, Іaьнда ца вахавелла Iаьлбаг, шен жимачу тобанца йуха а вирзина, лаьмнaшкaxyла Симсара дIаваханера.