Важа, цуьнан накъост, ткъех шо алссам хенара йуккъерчу дегIахь, Іаьржа йеха месаш, горга йуьхь-марш йолуш хазачу куьцехь къона зуда йара.
ГІо лоьхуш санна, кхерстара Іаьржачу цIоцкъамашна бухара схьахьоьжу, оцу дийнан стигланах тарбелла, кхоьлина, белха кечбелла, бІаьрхих буьзна цуьнан Іаьржа ши бІаьрг. Царна чохь къеггина гора цхьаьнгге а балхоза, балхо меттиг йоцуш, кийрахь ІаьIна бала, къоначу, декъазчу дагна маслаIат дехар.
Macex де дара и шиъ ламанан цхьана чIаже дечиге оьху. Денна цхьаьнакхетара и шиъ цигахь, амма йуьртахь цхьацца маьIIехь йехачу цаьршинна вовшийн кІезиг йевзара. Нийсса цхьа шо хьалха вовшашна генахь, Кавказан лаьмнашкахь, шаьш йинчу йарташкахь маьрша йехаш хилла и шиъ, кхолламо дай баьхначу, уьш дIабоьхкинчу лаьттах къастийна, йалийна, кхузахь цхьаьнатоьхнера.
Нийсса цхьа шо хьалха цаьршинна ца хаьара, шаьшшиъ, баьлларг бехк боцуш, йинарг кхиэл йоцуш, февраль беттан цхьана кхаарин дийнахь хIусамашкара ара а йаьккхина, кхуза гена махка кхуссур йуйла, шаьшшиъ а, шайн доьзалш а мацалла ца балийта, хIара къиза къахьоьгуш, сагIадоьхургаш санна, йаьлла лелар йуйла a.
Серсачу дарзо тІадийначу гІашлойн новкъахь, ког шершина, галйаьлла, охьакхетарна кхоьруш, меллаша ког буьллуш, ларлуш охьа чу а йоьссина, ворданан новкъа йелира и шиъ.
Йоккха стаг кІадйелла гIелйеллера, амма иза шен ницкъ ма-кхоччу хьалха дІагІертара.
– Хьо кIадйеллий-те, Хелипат? Жимма садаIа, охьахаий вайша? – хаьттира, йуха а хьаьжна, хьалха йоьдучу къоначо.
– XIaн-xIa, Зану, дІайало хьо, – йоккхастаг, саца а сецна, халла хьала а сеттина, хьалхахьа хьаьжира. – ДІогахь, некъа йистехь, гучу IандагIна кІел соцур вайша.
Зану хьалха дIахьаьжира. IандагIан дитт гена дацара. Пхи бІе гІулч йелахь, кхин гена йацара царна йуккъехь, амма мацалло ницкь эшийначу цаьршиннан догІмашна гена хийтира цига кхаччалц бан беза некъ.
Ши зуда, кхин йист ца хуьлуш, берриге шаьшшиннан ницкъ тІе а гулбина, махьа кІел букар а йахана, меллаша хьалхахьа йолайелира. Шаьш йолайелла йоьддушехь Хелипатан ойла йора Занус. Зануна хаьара дукха хан йоццуш Хелипатан цІийндай, вуьрхIитта-берхІитта шарачу йахана гIеметта хIоьттина хаза йоIIий деллийла а, ткъа иза ша жимачу кхаа бераца Іазап хьоьгуш йуйла а.
Шаьшшинна вовшийн йевзича, Зануна чІогIа йезайеллера и къинхетаме, догдика йоккха стаг. Iийшинчу баланашка ца талхалуш дисинчу цуьнан эсалчу хьажаро а, кІеда-мерзачу къамело а, йиначу нанас санна, тІеийзайора иза.
Сих-сиха шаьшшиъ ІандагIна гергакхача йоллий а хьожуш, коьртехь уьйриг хилла хьийзаш йеза ойланаш а йолуш йоьдучу цаьршинна генна хьалхахьа, некъана иттех гІулч йуьстаха, Іуьллуш цхьа Іаьржа хІума а, цунна гуонах хьийзаш жІаьлеш а гира. Шаьш герга мел гІоьрти а, иза адаман дегІах тарлора цаьршинна, ткъа гуттар а гергакхаьчча, и шиъ тийшира хьалхахьа Іуьллуш гург баккъала а адам хиларх. ЙогІучу кхушиннах бІаьрг кхетча, ши жІаьла меллаша доладелла коьллашлахь къайладелира.