Воьжна Іуьллург беркъа вухавелла воккха стаг вара. Ма-боггІу лергашна тІеозийна тиллина, цкъа цхьана хенахь безачу мехехь хилла, шен холхазах боьхна, хІуманна меха боцу боьмаша холхазан куй бара цуьнан коьртахь. Дерзинчу дегІа тІе йуьйхина эттІа, коржамаш а тийсина аьхна тужурка а, эттІа меттигаш тешций, бехчалгашций леррина тІеттІаийзийна аьхна тиша хеча а, берзинчу когашна тІетуьйдина неІаран мачаш а йара.
Голаш мара а оьзна, горгвелла Іуьллура воккха стаг. Цуьнга дІа а хьоьжуш, ца соцуш тІехйелира хьалха йоьду Зану.
– Собардехьа, Зану, тхан эвлара Аюб ву-кх иза. Лаа Іуьллий-те хІара кхузахь воьжна? – сецира тІаьхьайогІу Хелипат. ТІаккха, воккхачу стагехьа дІа а йирзина, цуьнга кхайкхира иза.
Шозза-кхузза мохь тоьхча а, воккха стаг вист ца хилча, йа меттах а ца хьайча, тІейаханчу Хелипата цІе а йоккхуш меттахъхьавира иза.
– Миска Аюб- йаІ, – гІийла мохь белира леррина цуьнан йуьхьа тІе хьаьжначу Хелипатан. – ХІара-м велла Іуьллуш хилла…
Шена хезначу дешнаша хІумма а цец ца йаьккхира Зану, амма тІе а йахана, воккхачу стаге хьаьжначу цуьнан дагахь цкъа а дицлун доцу сурт дисира. Цунна хьалха Іуьллура кІайн йеха маж а йаьлла можа йуьхь. Аьрзунан зІок санна, хьаьвзина дукъ тІедаьллачу мера чуьра а, багара а охьаІийдадедла соьла мераІуьргаш чохь а, мекхашна а, можана а тІехь деттера. Набарна охьавижча санна, хьаббина лаьттара бІаьргаш. КІеззиг гІаттайеллачу багахь гора цхьа а талхаза шагатІулгаш санна, кІайн цергаш. Тужуркин эттІачу херошкахула гора шелоно сендина оза дегІ. Йуххехь Іуьллура мелла бертиг йихкина цхьа-ши кана хьаьжкІех буьзна жима пІаьлдиг.
– Йалохьа, Хелипат, дІагІо вайша. Со цуьнга хьежалац-кх, дог оьккхуш лаьтта-кх сан, – аьлла, шен хих буьзна бІаьргаш дехарца Хелипате хьовсийра Занус.
– Вайша дІа ма-йаьлли, схьадогІур ду-кх и жІаьлеш. Цхьа а стаг вац-те новкъа вогІу гуш?
Зану некъа дІасахьаьжира.
– Вац, Хелипат…
– Вайша хІун де-те, Зану?
– Новкъа дІасалелаш адамаш долуш тІе жІаьлеш гІертар дац хир ду цунна. Кхузахь лаьттачул, чехкка цІа а гІой, нахе хаийта вайша?
– Хаийта-м хала ма дацара, Зану. Хаийтича, хІара дІа а вигна, хІокхунна каш даьккхина, хІара лаьттах волла ницкъ кхочур болуш боьрша стаг тхан эвларчу нахана йуккъехь-м вац. Цхьаберш цомгаш эгна Іохку, важаберш шайн догІмаш халла ирахь лелош бу. Хаац-кха, хІун дер.
– И цхьа пхи-йалх стаг ву оцу гІуллакхна йукь йихкина лелаш. Цаьрга хоуьйтур вайша.
Цхьана минотехь ойла йиначул тІаьхьа, Аюбна йуххера дІайелира Хелипат. Кийра даш доьттича санна, дегнаш дазделла, гІелйелла эвла йолайелира ши зуда. Цаьршинна хьалха хІуьттура, и воккха стаг санна, декъазчу Іожаллица беллачу шайн безачийн, гергарчийн суьрташ, шаьш хІинццалц схьа Іийшина баланаш, инзаре ирча тахане, кхин а ирча, буьрса тІейогІу кхане…