– Господин атаман, кху чохь гулбелларш пачхьалкхан а, политикин а, тIеман а деятельш бац ахь балийна некъ бийцаре бан а, тIеэца а, иза, Цуьнан воккхалле императоре-м хьовха, атталла Кавказан наместнике дIахьебан а бакъо йолуш. Тхо, промышленникаш, совдегарш, лаьттан долахой, дохнан долахой ду. Дийнна халкъ махкахдаккха аьлла, сацам тIеэцар а, иза паччахье, правительстве дIакховдор а бегаше гIуллакх дац, господин атаман. Кхузахь иза дийцаре динийла хиъча а, зорбано дуьне мел ду дIасадаржор ду, кхин тIе а детташ, тIаккха иза эсдекашна, къаьсттана – большевикашна, ира герз хир ду вайна неIалт кхайкхо а, и халкъ Iедална дуьхьалдаккха а. Кхузахь вай тIеэцна сацам кхочушбан областан администрацин бакъо йолуш а, ницкъ болуш а хила беза. Оцу дозанал дехьа гIерта бакъо йац вайн.
Къамелаш деш барт хилира областан администрацис туземцийн хьокъехь хьалха тIеэцна, амма дахарехь кхочушбаза бисина цхьамогIа сацамаш хIинца кхочушбар деха.
1859-чу шарахь, тIом а сацош, Россица бинчу машаречу барта тIехь къаьсттанчу пунктаца билгалдинера нохчашкахь герз дитар. Амма тIаьхьа и герз бохаме, бале дала доьлча, мосазза а нохчашкара дIадаккха гIоьртира Iедал. ДIадаккха ницкъ ца кхаьчча, лелор дихкира. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь цхьацца йарташкарчу бахархошкара герз дIадаккха гIерташ меттигаш а хилира. Амма дерриг а халкъера герз дIадаккхар хIинццалц йукъа ца даьллера. Гуламан барт хилира, областехь хуьлучу дерриг а зуламийн хьоста нохчашкахь герз хилар ду, и герз цаьргара дIа ца даьккхича, хIара зуламаш цкъа а совцур дац аьлла, областан начальнике дехар дан.
Зуламийн шолгIa хьоста гуламан дакъалацархошна гора Теркан аьрру агIорчу махка тIехь бехаш а, ханна балха лелаш а болчу нохчашкахь. 1885-чу шеран 5-чу майхь областан начальника, наказной атамана Колюбакина сацам кхайкхийнера, и нохчий цигара дIабахар участкийн пурстопашна а, станицийн атаманашна а тIедуьллуш. ХIетахь и сацам кхочушбеш, цигара нохчийн кIотарш а йохош, уьш шайн йарташка дIахьовсийра, амма къелло бIарзбина нохчий йуха а цига дIагIертара. И сацам хIокху тIаьхьарчу масех шарахь болх беш бацара. Гуламо сацам тIеийцира, Теркан аьрру агIонца а, гIумкийн аренца а бехаш болу нохчий цигара дIабахар а, нохчашна цига некъ бехкар а областан начальнике деха.
Кавказски тIом дIабоьдуш а, и чекхбаьллачул тIаьхьа а ткъе шиъ станица йиллинера нохчийн махкахь. Нохчаша маьрша баха ца буьтура шайн махка тIе охьаховшийна и кхайкхаза баьхкина хьеший. Станицашна тIелетара, даьхни, говраш йуьгура, некъахой талабора, дуьхьало йинарш бойура. Цхьаболчу нохчаша оцу шайн мостагIашкахьа болчу цабезамна а, бекхамна а дора и зуламаш, цхьаберш къелло бохура оцу новкъа, ткъа кхиберш шайн майралла, доьналла гайта, самукъаненна а боьлхура талораш дан. Зуламхо схьалацар цхьа наггахь бен ца нислора. Цундела гIалагIазкхашна дина зен меттахIоттадойтура къоланан лар тIаьххьара махка тIехь сецначу йуьрте йа гондIарчу масех йуьрте. Иштта зуламна дуьхьал къийсам латтош, йарташна таIзар дар а нилхадаьллера революцин хьовр-зIовраш хиллачу хIокху тIаьххьарчу шерашкахь. Нийсса аьлча, нохчаша дуьхьало йора и текхамаш барна. ТIе, къоланан лар генна лаьмнашка йахча, дан хIyмa а ца хуьлура Iедалан. Эххар а гулбеллачеран барт хилира, хIокху тIаьххьарчу шерашкахь нохчаша гIалагIазкхашна а, тавричанашна а, гIумкашна а, ногIашна а, нийсса аьлча – церан хьолахошна, дина а, хIинцачул тIаьхьа дендолу а зенаш нохчийн йарташка меттахIиттадайтар деха.