Оцу зуламашна дуьхьал дуккха а сацамаш тIеэцнера областан администрацис. 1905-чу шеран 14-чу декабрехь область тIеман хьолехь кхайкхош омра а даьккхира областан начальника. Делахь а дIадолийнарг кхиамза чекхдолура. ХIинца хIокху гуламо а Iаламат мехала сацамаш тIеэцна. Амма муьлхачу некъашца, муьлхачу гIирсашца, ницкъашца кхочушбийр бу уьш? ХIинццалц пайда эца гIиртина гIирсаш эрна хилла. Цунна гонаха дехха дийцарш, къийсамаш буьйлабелира. Оцу гIуллакхана боккха тIеман ницкъ а, цунна коьртехь хьекъале, доьналле, майра, тIамехь зеделларг долу командираш а безар бу. Полицейскийн, жандармийн ницкъашца а, кепашца а къийсалур дац нохчашца. Цаьрца тIом бан дезар ду, баккъал а болу тIом!
ТIеман ницкъаш болуш бу Нохчийчохь. Веданахь а, Шуьйтахь а, Чахкарахь а, кхечу масех гIопехь а масех эзар салти ву. Станицашкахь маситта эзар гIалагIазкхи ву, цергашна тIехIотталц герзаца кечвелла. Округийн начальникаш, станицийн атаманаш бу. Майра а, хьекъале а, доьналле а, тIамехь зеделларг долуш а. Кхин хIун оьшу?
– Кхузарчу салташа тIом бийр бац нохчашна дуьхьал. Йицйелла шуна 1905-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь халкъана дуьхьал герз айа цара сацам боллуш йина дуьхьало? Церан кортош чу дIовш доьттина большевикаша. Уьш хIинца а революцин Iаткъамна кIел бу. ШолгIа-делахь, лаьмнашкахь, хьаннашкахь обаргийн а, кхечу зуламхойн а гIеранашна тIаьхьа таллар кхераме гIуллакх ду. ХIан-хIа, кхузарчу эскарийн дакъошкара кIезиг гIo хир ду, йа хиллане а хир дац!
– ГIалагIазкхий массо aгIop жоп луш бу оцу гIуллакхана. Майра а, доьналле а, тIамехь бахчабелла дуккха а зеделларг долуш а. Уггар коьртаниг – нохчашкахьа цабезам а бу церан, мостагIалла а ду. Нохчех бекхам эца лаам а бу церан. Амма уьш а, нохчийн йарташна таIзарна балийча, нах а лоьций, бахархой а талабой, станицашка йухабоьрзу. Цкъа-делахь, нохчаша хаддаза тIелетарш дечу шайн станицашна гена а бевлла, хан йаккха ца лаьа царна, шолгIа-делахь, цIахь доьзалш а, бахамаш а, белхаш а бу церан.
– Округийн начальникашший? ТIеман духар а, погонаш-м лелайо цара. Олуш ма-хиллара, цкъа а молханан кIуьрах хьожа баккхаза, паркетни эпсарш бу уьш. Цхьаберш нохчийн зуламхойн гIеранашца бертахь, цара йаьккхина хIонц йукъахь йоькъуш бу, кхиберш кIилло бу. Цул совнаха, нохчийн обаргаша шайна новкъаволу округан начальник а, эпсар а воь. Масала, Добровольский, Галаев, масех эпсар а. Нохчашна йуккъехь а вехаш, церан мостагI хила кхераме ду. ХIоранна а деза шен са…
– ХIета, майра, хьекъале, доьналле эпсарш, патриоташ бац-кх кху областехь?
– Майра а, хьекъале а, доьналле а эпсарш шортта бу, амма патриоташ бац. Патриотийн мах байбелла йа банне а бац. Цхьаболу эпсарш областан администрацехь, штабашкахь йовхачу, кхерамазечу меттигашка дIатарбелла. Цхьаберш харц-бакъ а некъашца капитал а гулйина, особнякаш, виллаш йоьгIна, дика говраш, пайтонаш тарйина, баха охьахевшина. Шайн зударшца, берашца парке а, гIалел ара хазачу Iаламе а, курорташка а садаIа а лелаш. Иза гIоли хета царна, патриоташ а хилла, шелах-йовхах, дорцах-хоттах лаьмнашкахула, хьаннашкахула обаргашна тIаьхьа толлуш, Iожаллина кIел гIертачул…