– ХIинццалц схьа хIокху крайхь разбойникашна дуьхьал эскаран дакъоша а, полицис а латтийнарг къийсам бацара, иза лечкъаргех ловзар дара. Разбойникаша талораш дича, стаг вийча, орца олий, тIаьхьабовлура, амма уьш шайн лаьмнашкахь къайлабевлча, йарташна таIзар а дой, йухабоьрзура. Цундела Iедалехьара шайна цхьа а тайпа кхерам боцийла хуу разбойникийн гIеранаш, талораш деш, адамаш лечкъош, дойуш, де-дийне мел дели алсамйуьйлу. Вайн декхар ду, уьш лаьттах боьлча а, стигала бевлча а, царна тIаьхьара ца довлуш, уьш а, царна гIo деш, уьш къайлабохуш, царна тхов луш, кхача луш болу нах а, цхьаъ дийна ца вуьтуш, байъина дIабахарца, хIокху крайхь машар а, синтем а хIоттор. Кхетий шу, цхьа стаг ца вуьтуш, къинхетамза хIаллакбар? Оцу разбойникийн масех тIаьхьенах стагана къола, талор дан, стаг вен дагадеача, шайн ворхIалгIачу йа уьтталгIачу дена вай дина таIзар дага а деана, цуьнан кIожан пха тохабалийта! Адамашна зуламца бале ваьлла стаг Делан бекхамах, таIзарх кIелхьарвер воцийла хаийта! Вайн Iалашо ваьш дийна а дуьсуш, разбойникаш хIаллакбар йу. Нагахь санна разбойник йа разбойникаш цхьана гIишло чу къовлабеллехь, ойла ца йеш, хьайба санна, маIашна тIегIерта ца оьшу. ГIишлойн неIаршна а, корашна а дуьхьал а йоцуш, агIонашца позици лаца йеза, цара шайна схьатоьхнарг кхетар а йоцуш, аш дIатоьхнарг царна кхетар а йолуш. Цхьа неI йа кор маьрша дита деза, разбойникаш бовдийта, ара мел иккхинарг тоьхна Iункар вахийта. Нагахь санна оцу мекарлонех уьш ца Iехалахь, гIишлонан цхьа aгIo шайн герза кIел а лаций, вукху агIонах цIе таса. КIуьро садукъийча, цIаро батта боьлча, чуьра аралелхар бу. Амма вайн гIуллакх тIехь уггар коьртаниг топ нийса тохар ду. Ахь нийса топ тохахь, мостагI вуьйр ву, ткъа ахь гал тохахь, цо хьо вуьйр ву. Цундела отрядерчу хIора салтичо шена топ караерзо йеза, муха, мича тоха, Iамо деза. МостагI лечкъина велахь а, Iуьллуш велахь а, ведда водахь а, говрахь, дитта тIехь велахь а, лен волччу тоха йеза. Топ, тур-шаьлта караерзо, цхьамза тоха, мар-мара вахана лата леррина цхьана-шина кIиранах Iaмop бу салтий. Иза сайн гIоьнчина штабс-капитанна Григорчукана тIедуьллу ас.
Цигаьрка а латийна, сирник лаьтта а кхоьссина, боккха баьккхина кIур чу а тоьхна, эпсарийн йаххьашна тIехула бIаьрг кхарстийра атамана:
– Вай дIатуху xIоpa дIаьндарг разбойникан хье йуккъе йа гиччошка кхета йеза. Aмма хаалаш, вaйн уггар кхераме мостагI къинхетам хилар. Вайн къинхетамо, догдикалло, гуманизмо, адамалло берзор бац акха туземцаш. Кхерамо а, къизалло а бен къарбийр бац уьш. Шайгахь алсам ницкъ хилча, толам шайгахь буьсур буйла хиъча, майра хуьлу нохчий. Амма шайна дуьхьал ницкъ гича, гIаш йуккъе цIога а таIадой, бовду. Вай къинхетаме хила гIертахь, вайн цIий алсам Iенар ду. Ткъа вайгара къинхетам хир боцийла хаахь, герз охьа а диллина, совцур бу уьш. Цуьнан локхалло, областан начальнико шен инструкцица вайна бакъо йелла, разбойник къайлаваьккхинчунна, и схьавала, герз схьадала дуьхьало йинчунна, веддачунна, вада гIоьртинчунна, вайн омра кхочушдан дуьхьало йинчунна герз тIетоха. Уьш, мотт ца хууш, хьайбанаш ма дац. Шайга хIyн боху, ма хаьа царна. Шодмаша, буйнаша кхерор бу уьш. Хье йуккъе дIаьндарг тохий, хье тосуьйтуш, тур тохий, корта боккхуш, некхах, дага йуккъе Iоьттинчу цхьамзане, хьовзийна, кхо го боккхуьйтуш, шайн ворхIе дайшна тIаьхьа дIахьовсабе!