Кхузахь адамийн маьхьарий а, дуьйлу герзаш а хезна, говрахь схьаиккхира дато бустамаш долу сийначу исхаран чоа а, боьмаша холхазан лекха куй а болуш, йукъах йихкина детица кхелина шаьлта а, револьвер а йолуш, шовзткъе итт шо хенара куьце нохчо. БIаьргашца эпсар а лехна, хорунжина Яицкийна тIевахара иза.
– ХIара хIун ду, господин эпсар?
Хьаьжайукъ а хабийна, маларо цIийдина бIаьргаш нохчочунна тIедуьйгIира хорунжис.
– Ткъа хьо мила ву?
– ХIокху йуьртан старшина ву со.
Хорунжийн муцIар, велаваларх тарлуш, разйелира.
– Старшина ву хьо? Жухарг йу-кх, хьо ма-йарра! Хьо старшина хилча, кхузахь хIара разбойникийн базар хIунда латтайо ахь? Урядник! – Маж а, корта а йаьллачу, чанах терачу гIалагIазкхичуьнга кхайкхира иза. – Урядник Тонкогубов! Герз схьадаккха оцу разбойникера!
Чоьже когийн кIажаш а таIийна, йуьртдена улло говр тесира урядника:
– Герз схьало, господин старшина!
– Iедало герз лело йелла бакъо йу сан.
Урядник хорунжига хьаьжира.
– Урядник Тонкогубов! Омра кхочушде!
Шена гIоьнна ши гIалагIазкхи тIевеача, йуьртдена коьртах шед туьйхира урядника. Йуьртдас шед тоьхна, урядникан аьрру бесни тIехь цIен аса хIоттийра. ТIаккха шен тапчанах тасавелира иза. Амма цхьацца aгIop тIетасавеллачу кхаа гIалагIазкхичо, озийна, говрара охьа а ваьккхина, шодмаш йетташ, мийраш бетташ, хьеша волийра. Оццу минотехь царна тIекхечира Ардабьевский.
– ХIара мила ву, хорунжий?
– Кхузарчу йуьртан старшина ву ша, боху.
– ДIахеца иза! – омра дира цо гIалагIазкхашка.
Довхой дIасакъаьстира. Йуьртда, шина цергаца багара цIий дIа а кхоьссина, шен гIодайуккъе хьаьжира. Шаьлта а, тапча а хиллачохь баьсса ботт а, йаьсса хумпIар а кхозура. Моршах ийна цIий оьхура урядникан мерах. Цхьа бIаьрг Iаржбелла, кедара схьагIоьртинера, хьаж тIе кхеттачу шедо цIен аса йитинера. ШолгIачу гIалагIазкхичун цергаш йаьхнера, кхоалгIачун йуьхьа тIехь гуш чов-чордо йацара.
– Документаш гайтал, – элира Ардабьевскийс йуьртдега.
Йуьртдас гIовталан некха тIерачу кисанара схьадаьхна кехаташ дIакховдийра цуьнга.
– Герз дIало цуьнан, – омра дира штабс-капитана, кехаташ а дешна.