Шега схьайелла шаьлта батта а, тапча хумпIара а йоьллина, куьг хьаькхна, бедарш тIера бокх-боккха хатт охьа а божийна, хорунжина тIевирзира йуьртда:
– Господин эпсар, цуьнан локхаллин областан начальникан инструкцин цхьайтталгIачу пункта тIеxь Iедалан балхахь болчу нохчашкара герз схьадаккхар дихкина. Ахь когашца хьешна и пункт. ШолгIа, кхаа гIалагIазкхичуьнга суна йеттийтина ахь, со хIокху йуьртан старшина вуйла хьайна хуъушехь. ХIара гIуллакх ма-дарра дуьйцуш, хьо жоьпе озор а, хьуна таIзар дар а доьхуш, областан начальнике арз йаздийр ду ас.
ТIаккха урядникана тIевирзира иза:
– Ткъа хьо стешхачу зуьдах, боьха хьожа йогIучу хьакхех бекхам ца эцахь, ас зударийн кортали лелор ду хьуна!
Хорунжий шек а вацара. Цунна хаьара, цкъа-делахь, нохчочо мичча йаздича а, шаьш динарг чIагIдан тешаш боцийла а, шолгIа-делахь, мел дукха тешаш хилча а, шайна таIзар дийр доцийла а. Амма урядникана тесна кхерам шен метта кхийтира. Урядник Теркал дехьарчу станицашкара вара, нохчашна хIумма а хала дацара иза каро а, вен а.
Шен цхьа Iалашо йолу Ардабьевский маслаIатана йукъавелира:
– Тхоьгара гIалат даьлла, старшина, оха къинтIера валар доьху хьоьга. Бакъ а, харц а къасто хала, чолхе зама ма йу xIapa. Вай массара а дийриг пачхьалкхан, Iедалан гIуллакх ду. Бехкаш лоьхур бац вай. Сан дехар ду хьоьга сайна уллохь хилар.
Йуьртда, вист ца хуьлуш, дехьо лаьттах тIа а детташ хIоьттина лаьттачу хье тIехь сет долуш, хьаргIанан басахь йолчу шен говрана тIе а вахана, цуьнан вортанах шозза-кхузза дай куьг а тоьхна, луьйтана ког а биллина, каде нуьйра хиира.
Ардабьевскийна ца моьттучу тайпана, чам боцуш чекхйаьллера операци. Базаран майдана бIаьрг тоьхча, ирча сурт гора. Хоттала охьаIенийна хьаьжкIаш, кIа, борц, ахьарш, даманаш. КIелхьарйаха ца кхиина йисина ворданан чкъургаш, готанаш, нахарш, аганаш, маьрсаш, мангалш, аьтта кхийра пхьегIаш, кхиерш а. Шина сохьтехь болх бича, цхьа обарг а ца лаьцнера, цхьа топ а, тапча а ца йаьккхинера, лачкъийна цхьа бежана а, говр а ца карийнера. Вийна кхоъ а, чIогIа чевнаш хилла итт а стаг Iуьллура майданахь. Хетарехь, байъинарш а, чевнаш хилларш а оцу барамехь хилла ца Iapa. Цхьаберш кхузахь базарахь хиллачу йуьртахоша, гергарчара, бевзачара дIабигнера, йайн чевнаш хилларш шаьш дIабахнера.
Масех шо хьалха Соьлжа-ГIаларчу базарахь xIappa хьал хIоттийча, йоккха гIовгIа йаьккхира демократин зорбано а, белхалоша а. ВуьрхIитта нохчо а вуьйш, маситтанна чевнаш а йеш цигахь хилла гIуллакх, малархошна а, уголовникашна а тIе а теттина, дIадерзийра Iедало. И питана динарг ша доллушехь. Ткъа тахана кхузахь хIapa болх бинарш уголовникаш бац, пачхьалкхан эскаран дакъош ду, шайн коьртехь эпсарш а, уггар хьалха xIapa штабс-капитан Ардабьевский а волуш. ХIинца демократин зорбано йуха а гIовгIа йоккхур йу, белхалоша митингаш йийр йу, дерригенна а бехке Ардабьевский вийр ву. ХIетахь Соьлжа-ГIалин базарахь вийначу вуьрхIитта нохчочунна дуьхьал чIир йоькхуш, Къеди-Юьртан разъездехь пассажирийн цIерпошт а сацийна, Зеламхас вуьрхIитта оьрсий вийра. Хьанна хаьа, цо хIинца хIун дийр ду а? Ардабьевскийна а ма ца лаьа вала, цуьнан а ма бу доьзал. Ткъа Зеламхин куьг Iаламат деха а, бекхаме а ду…