Хьаьсарта вахана атаман, хьала а гIеттина, дIасаволавелира:
– Отрядаш, цхьана пунктехь совцайай, дукха ма йита. Даим а дIа царна дагахь йоцчу меттигашка массо а aгIop тIелатарш дан деза. Къуй, разбойникаш лелачу даккхийчу а, кегийчу а некъашкахь кIелонаш йан йеза. Бахархой кхерош а, ахчанах оьцуш а, разбойникех лаьцна хаамаш гулбе. Разбойникаш болу меттиг, герз долу стаг вийцинчунна ца кхоош ахча ло. Бахархошкара гIуданна даьккхина шортта ахча ду оцу гIуллакхна дайа. Хаалаш, нохчий хIокху дуьненахь а сутара нах хилар. Шайна ахча делча, шайн бIаьргаш а дохуьйтур долуш. Ахчанах шайн ден марчо а духкур долуш. Олуш ма-хиллара, цхьана куьйга пряник кховдае, вукху куьйга шед гайта.
Кхеташо чекхйаьлча, шен гIоьнча штабс-капитан Григорчук, штабан начальник штабс-капитан Вобиц чохь а сацийна, важа эпсарш мукъа битира Вербицкийс. Сонехь лаьттачу тумбочки чуьра долийна къаьркъанан шиша, стака схьа а эцна, цкъа хьалха шена доьттина дIа а мелла, шиша а, стака а вукху шинна хьалха теттира цо.
– ГIа а даьлла, хьаннаш йукъайалале, йа вуьшта аьлча, апрель баттахь чекхйала йеза вайн операци, – цигаьрка а латийна, боккха баьккхина кIур пехаш чу уьйзира атамана. – ХIара март йочане хуьлу. Лаьмнашкахь ло ду, ткъа раьгIнашкахь – ло а, хатт а. Амма март эрна бохуьйтийла дац. Хьоьга дехар ду сан, Алексей Матвеич, отрядашкара лахара чинаш тIеман гIуллакхна Iамор. Уьш дукхахберш эскарехь гIуллакх дина, ткъа цхьаберш тIамехь дакъалаьцна белахь а, герз карадерзор карладаккхар эрна хир дац царна. Оцу балхана Воздвиженски уллохь дика меттигаш йу. Цхьана aгIop – шера аре, вукху aгIop – хьаннаша хьулдина лаьмнаш. И цхьаъ ду. ШолгIа. Апрель тIекхаччалц мукъа ца Iан, арентIарчу цхьацца йарташкара герз схьадоккхуш, масех операци йича, бакъахьа хета суна. Масала, гIалгIазкхашна динчу зуламийн лараш дукха тIеихначу Гуьмсехь а, Мескар-Эвлахь а, Цоци-Эвлахь а. Цкъа-делахь, вайн коьрта болх дIаболабале, арентIарчу йарташна кхерам а тесна, вешан букъа тIехье кхерамзе йар хир ду. ШолгIа-делахь, мукъа битича, салтийн сагатлур ду. Хьалхара операци Гуьмсехь йийр йу вай. Сан агентуро соьга хаамаш бина, базаран дийнахь цига разбойникаш бoгIy, герз а, лачкъийна даьхни а духку аьлла. Операци кечйан ши кIира хан йу шуьшинна. 14-чу мартехь Гуьмсехь базар гулло. Iуьйранна цигахь хилийта 84-чу Ширвански полкан разведкин команда а, хорунжий Яицкийн сотня а, Кахановскехь ханна лаьтташ йолу ГIизлара-Гребенски полкан сотня а. Нагахь санна шайна оьшу аьлла хетахь, Ширвански полкан цхьа рота салтий а. Базарна го а лаций, разбойникаш а леца, туземцашкара герз а, лачкъийна даьхни а схьадаха. Дуьхьало йинчарна луьра таIзар а де. Операци чекхйаьлча, отрядаш Хаси-Юьрта дIайига. Операцина тIехь куьйгалла дар Ширвански полкан разведкин командирин начальника штабс-капитана Ардабьевскийна тIедилла. Ткъа со цхьамогIа дIатетта йиш йоцчу гIуллакхашна БуритIа воьду.