Светлый фон

 

Куьцечу дегIахь, цIена маж-мекх даьшна, горго йуьхь йолуш, шовзткъа шо гергга хенара безамехь стаг вара иза. ТIехь Iаьржачу исхаран костюм а, коьртахь фетран Iаьржа шляпа а, когахь Iаьржа туфлеш а йара цуьнан. Аьрру пхьаьрсах тесна кIайн плащ, каралаьцна, Iасанан санна, хьаьвзина мукъ болу Iаьржа четар а. Кхузахь хуьлуш дерг боккхачу тидамца тергалдеш, вист ца хуьлуш, йуьстах xIоьттина лаьттара иза.

Иза Шаляпин Федор вара.

Зеламхин дахарх, хьуьнарех лаьцна дуьйцуш хезнера цунна. Зеламхас Пачхьалкхан Думе йаздина кехат а дешнера цо газет тIехь. БуритIа кхаьчча, цунна хиира, Вербицкий коьртехь а волуш, Зеламхина тIаьхьа толлуш, таIзархойн йоккха отряд хилар а. Вербицкийс цуьнга йаздина оьзда доцу кехат а дешнера цо, хIинца Зеламха и шен мостагI лоьхуш хилар а хиънера.

Къечу доьзалехь винчу, бераллехь дуккха а халонаш лайначу, къинхьегаман халкъах схьаваьллачу Шаляпинан деган кIоргехь бовха безам бара оцу гIараваьллачу декъазчу обарге. Амма цунна цкъа а дага а ца деанера, иза шена гур ву аьлла.

«ХIан-хIа, хIapa а дац Вербицкий боху зуд, – ойла йора Зеламхас. – ХIокхуьнан йуьхь-сибат шатайпа ду. Адамалле йуьхь-сибат, къинхетаме, гIайгIане бIаьргаш, майра хьажар. Къиза, йамарт, стешха стаг иштта ца хуьлу…».

Цаьршиннан хьажар дуьхь-дуьхьал нисделира. Шаляпина корта таIийра.

– ГIараваьлла Зеламха, – элира цо, догцIена велалуш. – Сайна мел ца лаахь а, хьан дог дохо дезар ду сан. Со а вац хьан мостагI Вербицкий.

– Хьо мила ву ткъа?

– Ас цIе йийцарх, со вевзар вац хьуна.

– Хьо эпсар воцийла, хаьа суна. Совдегар, инженер, хьолахо – мила ву хьо?

– Иза а, важа а вац. Со артист ву. Илланча. Шаляпин Федор. Сан паспорт машен тIехь чамди чохь дисина.

Зеламхас, тIе а вахана, куьг лецира Шаляпинан. ТIаккха вертанехьа куьг хьажийра:

– Схьавоьл, охьахаал. Хьайн цIе йаккхарх, суна хьо вевзар вац, элира ахь. Оцу тIехь галваьлла хьо, Федор. Суна ца вевза хьо, амма вуьйцу хезна. Соьлжа-ГIалин набахтехь а, Сибарен ссылкехь а. Дика иллеш олуш нах нислора цигахь. Цара хьо вуьйцуш, ладегIна ас. Хьо илланчийн паччахь ву, олура цара. Ткъа паспортах дерг аьлча, илланчина а, обаргана а паспорт ца оьшу. Церан гIуллакхаш ду паспортан метта лелаш. Тхаьш маьрша дисинчу сахьташкахь иллеш, назманаш олу оха. Илланчехь боккха ницкъ бу. Иза эзарнаш тIемалойн метта ву. Нохчийн халкъан цхьа дийцар ду илланчех лаьцна. Мацах цхьана заманахь, цхьана нуьцкъалчу, къизачу паччахьан, цIоз санна, дукха эскар деана хилла нохчийн махка. Цо, лаьхкина, лаьмнашка боьхкина хилла нохчий. Амма нохчий, къарбелла, кIел ца севцца царна. Лаьмнашкара охьа а буьйлуш, тIелеташ, мостагIий хIаллакбеш хилла. ТIаккха церан паччахьо, шен уггар а тоьлла инарла коьртехь а волуш, эскар хьажийна лаьмнашка. Нохчийн халкъ хIаллак а дай, цхьа а нохчо дийна цависарна тоьшаллина закъалт дохьуш вола аьлла. Цхьа хан йаьлча, шен эскарца йухавеанчу инарлас, ша нохчийн халкъ дерриг а хIаллакдина, аьлла паччахье. «Закъалтана хIун йеана ахь?» – хаьттина паччахьо. Инарлин тIемалоша лекха лам хIоттийна байъинчу нохчийн кортойх. «Нохчийн халкъан илланча вийний ахь, цуьнан пондар беаний ахь?» – хаьттина паччахьо. Ца беана ша, аьлла инарлас. «ХIета ахь нохчийн халкъ ца дийна, цуьнан xIy ца дайъина. Илланча дийна мел ву, цуьнан карахь пондар мел бу, нохчийн халкъ лийр дац. Йуха а гIой, илланчин корта а, цуьнан пондар а бохьуш вола», – аьлла, инарла эскарца йуха а лаьмнашка вахийтина паччахьо, бохуш, дуьйцу халкъо. Цундела нохчаша чIогIа лору илланча, сий до дечиг-пондаран. Хьо Шаляпин Федор, илланча ву, боху ахь. Со обарг лелачу исс шарахь дукха нах гIиртина со Iexo. Йамарт а, стешха а нах. Хьо царах ву бохург дац сан. ТIехьаьжча, царах тера вац хьо. ХIетте а хьо Шаляпин Федор хиларна тоьшаллина цхьа илли алахьа.