Светлый фон

– Уьш хьеший бара. Хьаша хIусаме ца вита бакъо йац тхан…

– Уьш разбойникаш бара! Разбойникашна хьошалла леладе аьлла, гIиллакх дац шун къоман!

– Уьш машаре нах бара. Бехк-гуьнахь доцуш, шайн пхи стаг аш вийча, чIир йекха арабевлла!

Дудниковс раз ластийна, бетах шед туьйхира йуьртдена. Цуьнан беснеш тIexь цIен аса хIоьттира, мерах цIий хьаьдира. Вист ца хуьлуш, оьгIазе Дудниковга хьаьжира гIалгIа. Оцу хьажарехь цкъа а машар хир боцу мостагIалла гора.

– Массо а цIийнах хьовса! Левчкъина бисина разбойникаш лаха! Герз лаха! Разбойникаш, герз къайладаьхна нах, леций, схьабалабе! ГIуллакх чекхдаллалц, цхьа а стаг кхузара дIаса ма валийта! – омра дира Дудниковс шена уллохь лаьттачу эпсаршка.

Омрин бакъдолчу маьIнех кхеттачу салтийн, гIалагIазкхийн йаххьаш йекхайелира. Уьш кIотархула дIасабаьржира, мелла а битамехьчу цIеношна шаьш-шаьш хьалха тIекхача а къуьйсуш. Цара доггаха болх бийриг хиларх тешначу Дудниковс йоцца кхеташо йира эпсаршца.

– КхидIа вай хIун дича бакъахьа хета шуна, господа?

– Дан дезарг оцу бахархошка ахь дIааьлла, – вистхилира Григорчук. – КIотар а йагийна, къилбехьа, Борахчу-лома дIагIур ду-кх.

Вукху ворхI эпсаре хьаьжира Дудников. Царах цхьа а вист ца хилира. Григорчука аьллачунна реза бара а, хаац, йа лакхарчу шина эпсарна йуккъе дош ала ца лаьара а, хаац.

– Йурт йагорна со дуьхьал ву, – элира Дудниковс, уьш цхьа а вист ца хилча. – ГIалагIазкхаша бехк-гуьнахь доцуш селхана вийна пхи гIалгIа бахьана долуш, церан гергарчара йалх гIалагIазкхи а, итт салти а вийна вайн, берхIиттанна чевнаш а йина. Ткъа вешан Iалашоне кхача вай хIинца а гена ду. Нагахь санна вай хIapa кIотар йагайахь, дарбелла нах оцу ведда ваханчу пхеаннах дIа а кхетта, кхин тIе орца а даьккхина, новкъахь кIелонаш йеш, тIелеташ, отрядана даккхий зенаш дийр ду. Со реза ву разбойникаш чохь хилла ши цIа даго. ТIаккха Борахчу-ломахула дIа, Зеламхин доьзал бу бохучу меттиге, дIагIуртур ду вай. Отрядан коьрта Iалашо разбойникаш а, Зеламхин доьзал а схьалацар йу.

Зудчо мIараш тийсина йеринчу йуьхьо Iийжош, кIамлуш, лозуш, сагатдора Григорчукан.

– Цуьнан локхалло Михеевс тхан отрядана йеллачу инструкци тIехь дуьххьал схьа аьлла ду: отрядана герзаца дуьхьало йинчу а, омра кхочуш ца динчу а йуьртана, къаьст-къаьстанчу нахана луьра таIзар де. ХIокху кIотаро вайна герзаца дуьхьало йина. Салтий, гIалагIазкхий байъина, чевнаш йина. Кхечу йарташна масална, xIoкху кIотарна луьра таIзар дан деза вай. Йа вуьшта аьлча, йурт йаго йеза.

– Кхузахь дуьхьало йинарг йурт йац, господин штабс-капитан, йуьртана тIебаьхкина нах бу. Нийсса аьлча, йуьртахула чекхбовлуш, севцца нах бу. ЦIийнах хьовсар чекх а даккхий, ас билгалдина ши цIа а дагадай, новкъа довла кечло!