Светлый фон

Зеламхин буьрсачу дешнаша кхерийна пхи стаг цхьана йукъана вогIавелла лаьттира. Эххар а вистхилира баьшна корта а, Iаьржа маж-мекх а долу лекхачу дегIара стаг:

– Батоно Зеламха! Со Вербицкий вац! Со гуьржийн совдегар ву… чIагIар духкуш… Хьуна дезахь, ахча а ду соьгахь…

Вист ма-хилли иза гуьржи вуйла хиъначу Зеламхас, куьг а ластийна, витира иза.

– Хьо мила ву? – дегIана эгIазечунна тIевирзира иза.

– Со машенан шофер ву, господин Зеламха… – берчаш xIиттинa, силамаша Iарждина ши куьг хьалха кховдийра вукхо.

Иза а тергал ца веш, витира Зеламхас. ТIаккха мозгIаре хьаьжира иза.

– Со Делан лай, священник ву, господин Зеламха…

– И месаш, маж-мекх тIелатийна-м дац хьан?

– Дала ларвойла иза дечух! Дала сайна делларш ду ас лелораш! – буйна а къевлина, маж дIасаозийра мозгIара.

– Теша со. Шу кхоъ дIагIо.

Коьртахь кIайн шляпа а, тIейуьйхина кIайн-Iаьржа моханаш йолуш костюм а, беха буьхьигаш болуш мачаш а йолуш, халла хаалуш бухь сеттина, йуьхь тIехь цхьа а чо боцуш волу стаг цхьа гIулч тесна хьалхавелира.

– Господин Зеламха, со Вербицкий а, йа oьpcи а вац. Француз ву со. Циркан артист. Фокусник. Машен тIехь йисина ши йоI сан ассистенташ йу. Хьажал, сан говзалла xIapa йу!

Дуьлуш санна, вовшех а хьакхийна, цо куьйгаш схьадиллича, керайуккъехь xIоa дара. ТIаккха тIе а вахана, и xIoa цхьана обарган кисанара схьаийцира цо. Йаьсса шляпа обаргашна дIа а гайтина, бертал йиллина, тIехула куьг а хьовзийна, схьа а эцна, цунна чуьра бес-бесара, тIаьхье ца хедаш, ленташ схьадаха вуьйлира. TIе а воьдуш, цхьана обарган кисанара хIуманаш кхечуьнан кисанара а, четара а схьайохура. Обаргийн маьхьарий оьхура:

– ОстопируллахI!

– Делан болх бу-кх!

– Бозбуанчалла!

Иза шена дуьххьара гуш делахь а, ша мел цецваьллехь а, иза ца хоуьйтуш, цуьнга лерина хьоьжура Зеламха. Артистана баркалла а аьлла, букъах куьг тоьхна, дIахьажийра цо.

ХIинца цхьаъ висинера пхеаннах.

 

2