Светлый фон

Вербицкийс оцу машенна билет эцна аьлла, хаам бинера Зеламхе. Iуьйранна малх лаккха баьлча, оцу машенан тата хезира шайн рогIехь некъахь ха деш лаьттачу Аюбана а, Абубакарна а. Машен гергагIоьртича, некъа йуккъе а ваьлла, куьг хьалалецира Аюба.

– Стой! Астанавись! – мохь туьйхира цо.

Абубакар йуьстах xIоьттина лаьттара.

Йуьхьиг охьайерзийна белшах тесна топ а, некха тIехь морзахйохуш а, йукъах йихкина а патармийн гIаьпнаш а, доьхкарх йоьллина ши бомба а, агIон тIехь кхозуш маузер тапча а йолуш, некъа йуккъехь хIоьттина лаьтташ жима стаг гича, шега шолгIа мохь ца тохийтира шоферо. Шозза-кхузза хьоршам тоьхна, Iаьржа кIур а тесна, йега а йелла, сецира машен.

Аюба сихха бIаьрг туьйхира пассажирашка. Виъ боьрша стаг а, йиъ зуда а. Йеа зудчух шиъ – ткъех шо хенара хаза ши йоI. Зеламхина а, цуьнан накъосташна а Вербицкий ца гинера цкъа а. Цуьнан йуьхь-сибат хаьара. Веа боьршачу стагах шиъ иза хуьлийла а дацара. Шиъ Вербицкийн хенара вара.

– Выхади па аднаму! – омра дира Аюба. – Па аднаму падхади ка мине!

Массарал хьалха машенара чувоьссира лохачу, стоммачу дегIахь, Iаьржа духар дуьйхина, некха тIехь кхозуш дато жIар йолуш стаг. ТIаьххье охьайоьссина цхьа зуда цунна улло дIахIоьттира. Хетарехь, и шиъ зудий, майрий дара. Шен обанан кисанара схьадаьхна дашо сахьт а, бохча а Аюбе дIакховдийра стага.

– Со священник ву. Ткъа xIapa соьца йерг сан зуда йу. Дато жIар, зIе йоцург, шуьга дIайала кхин мехала хIyмa йац тхоьгахь.

– ДIавала, хIун ду ахь лелориг? – мозгIаран куьг дIатеттира Аюба. – Тхуна ца оьшу хьан деши, дети, ахча. Тхуна оьшург кхин ду. Кисана дилла хьайн сахьт а, бохча а!

ХIорш, зударий лецна, хьуьн чу йуьстах а баьхна, царна ницкъ бан бохку моьттуш, кхерайелира къона ши йоI.

– Господин Зеламха! Хьо оьзда къонах ву бохуш, цIе йоккхуш гIараваьлла ма вара, зударий сийсазбан воллу хьо? Къинхетам бехьа тхох!

– Дала бекхам оьцур бу хьох, ахь тхо сийсаздахь!

– Маьхьарий ма хьекха! Со Зеламха вац. Цуьнан адъютант Тамаев Аюб ву. Зеламха гур ву шуна хIинцца. Оха зударшца тIом ца бо, шун салташа санна. Меттах ца довлуш, машен чохь Ie. Муьжгий, шу соьца дIадуьйла.

Уьш шена тIебалийча, хьалагIеттина, цаьрга бIаьрг туьйхира Зеламхас. Уьш цхьа а тера вацара Вербицкийх. Амма Зеламха ца тешара йуьхь-сибатах. Цунна хаьара, коьрта тIе месаш йухкуш, йуьхьа тIе маж-мекх латош, йуьхь-сибат хуьйцуш, стаг кхечу куьце волуш хилар. Наггахь Зеламхас ша а хуьйцура шен йуьхь-сибат.

– Муьлха ву шух атаман Вербицкий? Суна кIилло баба баьхнарг? Соьга шех лата вола баьхна майраниг? Сох лата меттиг йилла цаваьхьнарг? Ас йиллинчу меттиге ван а ца ваьхьна, эскарца суна тIаьхьа толлуш леларг? Бехк-гуьнахь доцу бераш, зударий, къенанаш хьийзош леларг? Схьахьалхавала хIинца! ХIapa накъостий тешаш а болуш, ахь къасттийнчу герзаца летар ву вайша!