Светлый фон

ШолгIачу дийнахь Вербицкийца цхьаьна ГIизлара кхечира Орбелиани а, Зайцев а. ГIуллакх теллича, гучуйевлира кхузарчу администрацин зуламе ледарлонаш. Зеламхас ша кхузара банк тало вогIур ву аьлла, бина хаам хууш хилла отделан начальникан гIоьнчина Аверьяновна а, гIалин хьаькамна Воробьевна а, гарнизонан начальникна Меркуровна а, пурстоьпана Вариевна а, доцца аьлча – меттигерчу администрацин куьйгалхошна массарна а. Амма уьш массо а шекбоцуш Iийнера. TIе, Вербицкийн метта висина цуьнан гIоьнча Аверьянов а, гIaлин хьаькам Воробьев а оцу дийнахь, малар мийлина, тIуртIазваьлла Iиллинера.

Зеламхас ГIизларера банк талийна аьлла, областан начальнике телеграмма кхаьчча, Орбелианис гIовттийра Соьлжа-ГIалин, Ведана, Хаси-Юьртан округашкара берриг а тIеман ницкъаш. Цара дIалийцира ГIизларера схьа Нохчийчу догIу – кегий а, даккхий а – дерриг а некъаш.

Массарал а жигара хьаьвзинера Гуьмсен турпалхо, штабс-капитан Ардабьевский. ГIизларна массарел а гергахь йара Хаси-Юьртахь лаьтта цуьнан отряд. Таш-Гече кхаьчча, цигахь Зеламхин лар карийра цунна. Малхбузу ламаз дина, жамIатан маьждигара арабевллачу нехан тобанна тIенисвеллачу цо уьш лебира.

– Зеламха кхузахула чекхваьллий? – хаьттира цо нахе.

– Цхьа сахьт хьалха чекхваьлла, вахана!

– Разбойникаш дукха барий цуьнца?

– БIе хир вара!

– ХIан-хIа, ши бIе вара лаххара а!

– Муьлхачу aгIop бахана уьш?

– Азамат-Юьртехьа.

– ХIан-хIа, шина тобане а бекъабелла, цхьа тоба Азамат-Юьртехьа, важа Акхболат-Юьртехьа бахара!

– Шун пурстоп Абдулкадыров мичахь ву?

– Абдулкадыроввий? Шен стражникашца Зеламхина тIаьхьавахана!

Оцу нахана шера хаьара Зеламха шен обаргашца Гезлойн-Эвлехьа ваханийла. Aмма цара Ардабьевскийн отряд Зеламха ца ваханчу aгIор дIахьажийра.

Меттигера пурстоп Абдулкадыров хIумма а доггаха ца лелара. Цунна дика хаьара, Зеламхина дуьхьал нисйелча, шен жимачу отрядера цхьа а стаг дийна вуьсур воцийла. Цундела, гена ца волуш, Таш-Гечана а, Гезлойн-Эвлана а йуккъехь, буьйса шелйелча, цIерш а латийна, цигахь туп тоьхна, сецира иза. Ткъа и цIерш гина Зеламха, га тесна тIех а ваьлла, Нохчмахка дIавахара.

Эла Орбелианис, барт бетташ, жIаьла санна, чехийра Вербицкий.

– Тхуна моьттура, хьо хьекъале, доьналле, майра стаг ву! Генахь лоькху зурма хазахета бохург хилла-кх иза! Ткъа хьо, Iовдал тентаг хилла ца Iаш, кIилло а, кехатех ловзаран, маларан, зударшца сакъераран бен бала боцуш, йеса хIума а хилла. Зеламхас, ша ГIизлара вогIу аьлла, де билгалдеш, хьайга кехат даийтича, иза ГIизларера банк тало нах гулбеш ву аьлла, Стрижевс хьайга хьалххе хаам бича, хьайн отделера дIа хIунда ваьллера хьо? Кхузахь малар муьйлуш, кехатех ловзуш, мехкаршца хелхавуьйлуш, хIунда Iийнера хьо? Зеламха ца вевзара хьуна? Айхьа иза сийсазвича, цо хьайх бекхам оьцур буйла ца хаьара хьуна? Иза хаа хьекъал дацара хьан? Йа и хууш, веддера хьо хьайн отделера? Хьан отделехь итт эзар гIалагIазкхи, салтийн гарнизон, гIалин полици, пурстоьпан стражникаш ма бара. Оцу ницкъашца лоцур вара хIаваэхула тIомаваьлла воьдург а. Лоцур вара, цигахь шу Iовдалийн, кIиллойн метта кхин нах хиллехь! Хьан гIоьнча а, гIалин хьаькам а хилла селхана малар мийлина, синкхетамах ваьлла Iуьллуш. Шу Iовдалш бахьана долуш, ткъе шийтта салти а, банкан казначей а вийна, маситтанна чевнаш йина. Ткъа Зеламха шен разбойникашца цхьаьна, церан догIмех цхьа мерцхалг а ца доккхуьйтуш, дIавахана! ГIалагIазкхийн, Россин эскаран сий дайъина аш! Хьуна а, хьан гIоьнчина а тоьпаш тоха йезара, жIаьлешна санна. Амма и кхел оха суьде йойтур йу!