Арахь, урамашкахь хьере герзаш дийла дуьйлира. Зеламхас ма аьллера накъосташка, кхераме гIуллакх хилахь, шаьш топ кхоьссина хаам бийр бу, герзаш а детташ, йухадовла.
– Шадолу ахча схьаэца чехкка! – ши накъост сихвира Зеламхас. – Чехкка гIалара арадовла деза вай!
Цкъа дагадеара Зеламхина лармаш чохь ахча дуйла хьажа. Амма хIорш сейфаш чуьра ахча галеш чу а доьхкина, арабовлуш, банкана ха деш хилла масех салти схьакхечира. Кхузахь хиллачух салтий кхетта бовлале, уьш байъиний, чевнаш йиний, охьа а эгийна, араиккхира хIара кхоъ.
ХIокху тIаьххьарчу бIешарахь цкъа а тоьпан тата ца хезначу, машаречу, жимачу гIалахь хIаваъ къардеш, герзаш детта долийча, Зеламха дагавеара меттигерчу гарнизонан начальникна полковникна Меркуровна. Цунна а ма гайтинера Вербицкийс ша ГIизларера банк йахьа вогIур ву аьлла, Зеламхас йаздина кехат. ГIалахь хилларг ца хууш, иза воьхна хьийзаш чувеанчу цхьана эпсаро элира, масех бIе разбойникца гIали чу веанчу Зеламхас банк талийна, банкехь ха деш хиллачу салтех байъинарш а, чевнаш хилларш а бу аьлла. Меркуровс сихха орца а аьлла, банке а, Теркан тIай тIе а салтийн ши команда а хьажийна, гIалина уггар гергарчу Александрийски станице орца элира. ТIаккха кхузахь хилларг дуьйцуш, областан начальнике телеграмма йахьийтира цо.
Меркуровн кхайкхамца, шайн атаман коьртехь а волуш вoгIу ах бIе гергга гIалагIазкхи а, пурстоьпан Вариевн стражникаш а дуьхьал нисбелира, хIорш гIали чуьра арабовлуш. ХIун дара, хаац, говраш хаьхкина богIу гIалагIазкхий а, стражникаш а, хIокхарна тIелатар дечу меттана, цхьа а низам доцуш тоьпаш а йетташ, севцира.
– ХьалхатаIа! ТIетоха Делан мостагIашна! – омра дира Зеламхас, шен говрана шед а тухуш.
Зеламхас цхьана куьйга топ, вукху куьйга тапча йеттара дуьхьал а, аьтту, аьрру aгIop а. Говраш марсайаьхна, цунна тIаьхьахаьхкира накъосташа а. Цара оьрсех тардеш, «вуьррей» бохуш, маьхьарий а хьоькхуш, гIалагIазкхашна йукъа тоьпаш йеттара. ГIалагIазкхий а, стражникаш а, хIокхарна маьрша ков дуьтуш, дIасабаьржира.
Зеламха шен накъосташца Теркан тIай тIе сихвелира. Цигахь Меркуровс йахийтина салтийн команда йуйла, ца хаьара цунна. Хьанна моьттура, оцу йоццачу хенахь цига салтий кхочур бу. ХIорш геннахь гучубевлча, стенна делахь а, дIасаида буьйлира салтий, тIаккха цхьацца дуьхьалонашна тIехьа а левчкъина, хIорш къахко санна, тоьпаш, пулемет йетта буьйлира. Амма дIаьндаргаш хIокхарна аьттехьа а ца йогIуш, цхьанхьа охьаоьгура.
ЦIеххьана Теркана дуьхьал хьала а вирзина, хи шуьйрачохь гечо а лехна, сецира Зеламха.
– Дехьадовла сихха!
БIаьстенан йуьххьехь букъарше Терк говрийн накхошца этIош, цуьнан аьтту агIон тIе дIагIертара накъостий. ТIай тIера салтий, меттахбевлла, уьдуш, схьахьаьлхира. Амма Теркал сехьа висинарг кхо накъост – Зеламха, Саламбек, Аюб бен вацахь а, тоьпан дIаьндарг кхоче гepгa гIорта ца баьхьаш, генара схьа тоьпаш йеттара цара.