1
Зуламхойх, авантюристех, цIа-цIе доцуш бевлла лелачу нахах а, маларчех а вовшахтоьхначу таллархойн ханна отрядан ницкъ ца кхечира шена хьалха хIиттийна декхарш кхочушдан. Цара йарташ талайора, бехк-гуьнахь доцу нах бойура, лоьцуш, набахтешка кхуьйсура, амма Зеламха а, цуьнан обаргаш а байа йа леца ницкъ ца тоьура. Оцу тIехь вегира, йуьхьанца халкъан турпал вина, хестийна атаман Вербицкий.
Теркан областан а, Кавказан а администрацис кхин тактика, кхин стратеги лоьхура. Иза а, важа а каро царна гIо дира гIалгIаша вийначу Несара округан начальникан полковникан Митникан метта хIоттийнчу Андронниковс.
Полковник Андронников гвардин эпсар вара. Хиллера. Амма кхузахь цхьанна а ца хаьара иза гвардера мукъаваккхаран бахьана. Дукхахьолахь, гвардера дIабоху эпсарш йа маларе марзбелларш, йа кехатех ловзурш, йа кхахьпалла лелораш, йа эскаран долаллина къола динарш, йа доцца аьлча – оьздангаллех боьхна эпсарш хуьлура. Суьдах кIелхьарваккха лакхахь гергара хьаькамаш, доттагIий берг кхечу эскарехь гIуллакх дан вуьтура. Иштта суьдах кIелхьарваьккхина, Кавказерчу эскарехь гIуллакх дан кхуза хьажийнера эла Андронников.
Иза кавказхо вара. Кавказхо хилла а ца Iаш, нохчийн, гIалгIайн лулахо, гуьржи вара иза. Цунна дика хаьара ламанхойн гIиллакхаш а, амалш а. Зеламхина а, цуьнан обаргашна а хIун дийр ду ца хууш, областан администраци бIарзйелла хьийзаш, оцу балех иза кIелхьарйаккха шена некъ карийна аьлча, инарла Михеевс воккхавеш тIеийцира эла.
Граф Лорис-Меликов Теркан областан начальникан даржера дIаваьллачул тIаьхьа ткъе итт шо хан йаьллехь а, оцу хенахь хIокху даржехь масех стаг хийцавеллехь а, амма областан начальникан кабинета чохь xIapa бу ала хийцамаш ца хиллера. ХIетахьлера бустамаш даьхна когаш долуш, тIехула баьццара исхар тоьхна шуьйра, йеха стол. Иштта бустамаш дохуш хаза кечдина, лекха гIовланаш а, кIеда миндарш а долуш гIанташ. Пенах кхозуш империн, Кавказан, хIокху областан картанаш. Цхьа пен дIалаьцна безчу механ книгаш чохь йолуш, хаза йина шкаф. ЦIенкъахь стомма, кIеда персийн куз. Ткъе итт шо хьалха пенах кхозуш хиллачу Александр II суьртан меттана Николай II сурт а. Ткъе итт шо хьалха къона хилла кораш хьалхара дитташ а къанделлера.
Михеевс лерина ладоьгIура Андронниковн къамеле:
– Хьан локхалла, Зеламха а, цуьнан разбойникийн гIеранаш а, къуй а, талорхой а, кхиболу зуламхой а схьалеца йа хIаллакбан регулярни эскарш гIорасиз хилар хиъна вайна хIокху масех шарахь царна дуьхьал латточу къийсамехь. Обаргаш регулярни эскарш дац. Цара дуьненайукъахь тIеэцначу тIеман тактикица, низамца тIом ца бо. Обаргаш тахана цхьанхьа, кхана кхечухьа хуьлу. Цхьанхьа кIело а йой, вайн отрядашна тIетухий, вайна даккхий зенаш а дой, лаьмнашкахь, хьаннашкахь къайлабовлу. Цхьана дийнахь цхьаьний дуккха а гулло уьш, шолгIачу дийнахь, дIасабаьржий, тIепаза бов. Царна лаьмнашкара массо некъ, чIаж, хьех, бIов, тарх йевза. ТIе, уьш халкъо, йоIбIаьрг санна, ларбо. Говрара воьссича, тIемало вац гIалагIазкхи. Ткъа лаьмнийн тархаш тIехула говраш ца лелало. Вайн салтий а лаьмнашкахь тIом бан Iамийна бац. Кхузахь йолахойх вовшахтоьхначу таллархойн ханна отрядо динарг а вайна хууш ду…