Светлый фон

Накъостий берриг а Теркал дехьа бевлча, Саламбекана а, Аюбана а тIевирзира Зеламха:

– Дехьавала ший а. Ас салтий совцор бу.

Амма важа шиъ меттах а ца велира.

– Шуьшинга бохий ас-м! Хан ма йалийта!

– Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна, Зеламха? ЦIоз санна, тIегIертачу салташна дуьхьал Зеламха ша цхьаъ а витина, Саламбек, ведда, кIелхьарваьллера боху цIе ас сайна йойтур йоцийла, ца хаьа хьуна? Йа хIокху итт шарахь со ца вевзина хьуна?

Зеламхина дика вевзара Саламбек. Масех шо хьалха шена Хонкара вада дагадеача, цо шега аьлларг а ца дицлора цкъа а. Аюб а вевзара. И шиъ майра, тешаме, доьналле ши накъост вара цуьнан. Цхьана дийнахь а, цхьана шарахь а зийна вацара. Итт шарахь зийнера. Зеламхин ши тIам бара и шиъ. ХIинца цаьршинца къийсар эрна дара. Зеламха кхузахь а витина, Теркал дехьа вер вацара и шиъ.

Шен говр, урх озийна, тIаьхьарчу когаш тIе а xIоттийна, шед тоьхна Терка чу тесира Зеламхас. ТIаккха цунна тIаьххье Саламбека а, Аюба а изза дира.

Таш-Гечон махка тIе кхаьчча, садаIа севцира уьш. Банкера шаьш деана ахча цигахь дагардира цара. Иза пхи эзар сом бен дацара. Зеламха ахчанан дуьхьа ца ваханера ГIизлара. Вербицкийна бекхам бан ваханера. Зеламхин Iалашо кхочушхиллера. Амма шеца баьхкинчу накъосташна ахча хила а лаьара. И шадерг царна дIадийкъира цо. Зеламхин ширачу исс накъосто шайна догIу дакъа схьа ца ийцира, вукхарна дитира. Цхьана бахьанашца Iедалан кара гIахь, вовшийн ца бийца цаьрга дуйнаца чIагIонаш а йайтина, уьш дIасахийцира Зеламхас.

 

6

 

Зеламха ГIизлара чуваханчу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу эпсарийн клубехь сакъоьруш вара Вербицкий. Дaимa а санна, шампански чагIар муьйлуш, кехатех ловзуш, йукъ-кара мехкаршца халха а вуьйлуш. Шена бевзачу эпсаршца забарш а йеш.

– Зеламхас, ша тахана ГIизларера банк талор йу аьлла, хьоьга кехат даийтар бакъ дуй, атаман? – хаьттира цуьнга уллохула тIехбовлучу эпсарша.

– Бакъ ду, – шен poгIexь цаьрга а Зеламхин кехат дIагайтира Вербицкийс.

– Ткъа хьо кхузахь сакъоьруш ма Ia?

Цаьргара схьаэцна, кехат кителан кисана таIийра Вербицкийс.

– Зеламха, базарара зуда санна, воккха хабарча ву. Со кхеро гIерта иза. ТIулгаш кIел лечкъа дIаьвше цергаш йолу лаьхьа санна, шен лаьмнашкахь сох лечкъаш, ведда лела Зеламха ваьхьа ГIизлара гIорта? Сан отделехь майра итт эзар гIалагIазкхи ву, шайга шок тоьхча, дойшна тIеховша кийчча. Цул совнаха, ГIизларахь эскаран гарнизон, полици, стражникаш бу. Цара хIаваэхула моза тIома болуьйтур бацара сан отделана тIехула!

Суьйранна Соьлжа-ГIала кхаьчначу шийлачу хаамо пхенашкара цIий сацийра Вербицкийн. Областан начальникан гIоьнчас эла Орбелианис хаам бира, Зеламхас ГIизларера банк талийна, ткъех салти вийна, маситтанна чевнаш йина, иза ша зен-зулам доцуш дIавахана, ша областан прокурораца Зайцевца ГIизлара вогIу, Соьлжа-ГIалахь шайга хьоьжуш саца аьлла. Вербицкийн синтем байра. ГIизларахь хилларг цуьнан карьерин чаккхе йара. Даржах вохийна а, чин дIадаьккхина а вуьтур вац. Суд йан а мега. Цо тергал ма ца бира ши де хьалха Соьлжа-ГIалин округан начальника Стрижевс шега бина хаам. Шен агенташкахула цунна хиънера ГIизларера банк тало Зеламха нах гулбеш хилар. Стрижевс и хаийтира Вербицкийна. Ткъа хIокхо иза, забарехьа а даьккхина, дитира. ХIинца полковника тоьшалла дийр ма ду, ша хьалххе хаам бинера аьлла. ХIокху клубехь Вербицкийн къамел хиллачу эпсарша а тоьшалла дийр ма ду. ХIан-хIа, даржах а, чинах а вохийна вуьтур вац. Суд йийр йу. Зеламхас шен дош кхочушдина. Цо уггар эхье бекхам эцна цунах. ХIокху эхьал Зеламхех летта валар гIоли йара цунна. ТIаккха исторехь хастаме йуьсур йара цуьнан цIе. Амма деган кIоргехь xIapa гIуллакх, суьде ца долуш, дIадерзаре дог а дохура цо. Вербицкийс дукха гIуллакхаш ма дина Iедална. Пятигорскехь а, ДегIастанахь а, хIокху Теркан областехь а. Михеевс шен омри тIехь уьш билгал а ма даьхна…