ХIокху йалх шарахь дукха меттигаш йевзина Зеламхин доьзална. ЧIебарлахь, Органан а, Iассан а лакхенашкахь. Дукха хIусамаш хийцина цара. БIаьвнаш чохь а, тIулган хьехаш чохь а, жан гIотанашкахь а буьйсанаш йаха дезна. Оцу халчу дахарх боьлла уьш. ЧIебарлахь болуш Соипа дола дора церан. Масех шо хьалха салташа лаьцна Соьлжа-ГIала вуьгуш, Зеламхас кIелхьарваьккхинчу гатийуьртахочо. ХIокхарна ахьар а, дакъийна жижиг а, даьтта а, кIалд а, нехча а латтайора цо. ХIорш ЧIебарлара дIабевлча, наггахь вогIура. ХIинца, хIорш гIалгIайн махка гена бевлча, вогIучуьра сецна.
Шо гергга хьалха Зеламхица хIокхарна тIевеана Бийсолта. Иза жима ву хIинца а. ПхуьйтталгIа шо бен дац цуьнан. Делахь а, мел жима велахь а, шайца боьрша стаг волуш сапаргIат хуьлу ши зуда а, бераш а. Бийсолтас дийнахь а, буса а ха до царна. Белшах тесна топ лаьттах текха цуьнан. Турмал а хуьлу коча тосий, некха тIехь кхозуш.
ХIинца Маьлхастахь бу хIорш. Йуьртахь бац. Гена лаьмнашкахь, ширачу шина бIаьвна гонаха даьхни кхобуш бехачу маьлхийн масех доьзалехь туш карийна царна.
АрентIе вахана селхана цIа вирзинчу хIусамдас хабар деара хIокхарна, Зеламха лаца гулдеш эскарш ду аьлла. Иза-м дуьххьара а дацара. Зеламхина а, хIокхарна а тIаьхьа эскарша толлу итт шо ду. Делахь а Бийсолта сакх, сема хила веза. Сийсара набарна ши бIаьрг тIеттIа ца бахана цуьнан. ХIорш охьабийшина Iохкуш, кора кIел цхьа шах-ших хезна, топ йуьйлина, ларлуш ара а ваьлла, цIийнан го теллира Бийсолтас. Амма арахь цхьа а ца карийра цунна.
Зеламха волу меттиг ца хаьара царна. Иза доьзална тIеваза бутт сов хан йаьллера. Нагахь салтий схьагIортахь, Бийсолте хIара зударий а, бераш а ларлур ма дац. Цо Деле доьхура ваша шайна тIекхачавахьара бохуш.
Беци а, Зезаг а, шайгара баланаш бицбан гIерташ, цхьацца болх беш хуьлура. Шаьшшиннан а, берийн а бедарш летош, йуьттуш. ТIергIан тайх пазаташ, каранаш дуцуш. Дукхахйолу хан хIусамдайн гIуллакхаш деш йоккхура, цара мел дуьхьало йарах а.
Зеламха цIеххьана кхечира. ХIусамдайшца а, лулахошца а тIекаре а йина, маравоьллина Лoм-Iела а хьистина, тIаккха шайга рагI кхачаре хьуьйсуш лаьттачу шен берийн кортойх куьг хьокхуш, чекхвелира иза.
– ТIаккха, шун гIуллакхаш муха ду? – хаьттира цо Беце, Зезаге.
Зеламхина дика хаьара цаьргара хьал. ХIетте а хоьттура. Цхьаъ аьлла, къамел доло ма дезара. Бецин бIаьргаш, догIанан мархаш санна, кхоьлира. Амма шен дагара ца хаийта гIоьртина, халла балдаш озийна, йелакъежира иза.
– Хьо могаш-дийна хилчахьана, дерриг а дика ду. Хьуна сагатдо оха. Хьо лаца эскарш гулдеш ду аьлла, хабар кхаьчна тхоьга…