Бийсолта, цIeргa ши бIаьрг а боьгIна, вист ца хуьлуш хиъна Iapa. Амма цуьнан коьртехь ойланийн уьйриг хьийзара, ша хIун дича бакъахьа ду ца хууш.
– Хьуна хIун хета, Бийсолта? – хаьттира цуьнга Элбарта.
Бийсолтас доккха садаьIира.
– Ца хаьа суна, айса хIун дича бакъахьа хир ду. Цхьана aгIop, Беци бакъ лоь. Кхузахь висча, соьгара хила гIo ма дац хIокхарна. Бецис ма-аллара, йа салташа тоьхна вуьйр ву, йа лаьцна дIавуьгур ву. Соьга берриг а салтий байалур ма бац. ХIан, итт а, ах бIе а вуьйр ву ас. Йа ас цхьа а веле, цара со вуьйр ву. Йа, схьа а лаьцна, хIокху зударшца, берашца вигна, набахти кхуссур ву, тIаккха Сибрех вохуьйтур ву. Иза хилча а, важа хилча а, xIoкхарна а, сан вешина а соьгара хила гIo дац. Цундела, хьоьца дIа а веана, сайн вешех дIакхетча, со пайден хир вара аьлла, хета. ШолгIа, сайх тешийна дитина Беци а, Зезаг а, бераш а дIа а тийсина, кIилло санна, вада а ма ца лаьа суна. Сайн са дадийна ваханарг хир ву со нахана хьалха. Дела ву сан дагара хууш, со Iожаллех ца кхоьру. Амма эрна Iожалла хила а ца лаьа. Бецис а, Зезага а аьлларг дийр ду ас. Цаьршиннан лаамна тIехвала бакъо йац сан.
Шина зудчо хьеха а ца дайтира Бийсолта шайца вуьсур ву бохург. Массарна мара а кхетта, вежарийн бераш а хьаьстина, Элбартаца дIавахара Бийсолта.
Кхин цкъа а вовшашна ца ган…
4
Зеламхин коьртах берхIитта эзар сом ахча кхайкхийна дукха хан йара. Цунах бархI эзар пачхьалкхан казнера ахча дара, итт эзар – оццу гIуллакхна нохчийн йарташкара нуьцкъах даьккхинера Iедало. Масех шарахь гучу ца ваьллера оцу ахчанах йамартлонца Зеламха вохка реза волуш стаг. Халкъана ца лаьара шена тIехь Iедало латточу къизаллина, харцонна, Iазапна дуьхьал Iедалх бекхам эца гIеттина кIант вохка. Халкъо, мелхо а, ларвора иза. Йамартхой шортта бара нохчашна йукъахь. Амма уьш кхоьрура Зеламха вохка. Хаьара, шаьш йина йамартло халкъах къайлаер йоцийла. ТIаккха, цкъа-делахь, ша дийна висахь, Зеламхас а, иза вийча, цуьнан накъосташа а шайх луьра бекхам оьцург хилар. ШолгIа-делахь, шайна а, шайн тIаьхьенна а халкъо бIешерийн дохалла неIалт кхайкхор дуйла а.
Aмма цхьацца адамаш хуьлу ахчанан, дуьненан хьолан йа хастаман дуьхьа, бIаьрнегIар ца тухуш, шайн да-нана, вежарий, зударий бухкур болуш. Уьш Делах а, халкъан неIалтах а ца кхоьру. Цара шайн доьзалан, тIaьхьенан ойла а ца йо. Ахчано, хьоло, хастамо эс дIаоьцу церан, бIаьрзе бо. Ишттачарех вара гIалгIайн махкарчу Даьттах йуьртара схьаваьлла Зеламхин накъост Юсуп. Дукха хан йара Зеламха цуьнан шина бIаьргах ца теша. Делахь а йамартло йина, гучу ца волура иза цкъа а. Юсупа Iедалца барт бира оцу берхIитта эзар соьмах шен баьчча, бIаьхаллин накъост Зеламха вен. Амма цуьнан аьтто ца нисбелира и йамартло кхочушйан.