– Итт шо ду со лаца цара эскарш гулдо. Ткъа со могаш-маьрша лела. И хьакхарчий гуллуш йу алий, са ма гатделаш. Бераш сиркхонаш ца лехьош дуй?
– Ахьмад, дагар долуш, масех дийнахь цомгаш Iиллира, – элира Зезага. – ХIинца гIоли йу цунна.
– Кхачанца муха дохку шу?
– Кхузарчу наха цхьа а хIума эша ца дуьту тхуна. Ахьар, дама, жижиг, шура, даьтта, кхиерг а латтайо.
– Дала къобалдойла церан сагIа!
Зударшца, берашца тIекаре йинчул тIаьхьа Бийсолтица шецца къамел хилира Зеламхин. И шиъ цхьана дена вина велахь а, йуьхь-сибат а, амалш а цхьатера йацара цаьршиннан. Зеламха лекха а, лоха а воцуш, дуьзначу йуккъерчу дегIара вара. Шуьйра, охьахьаькхна белшаш, деха пхьаьрсаш, стаммий пIелгаш долу даккхийро куьйгаш. Коьрта тIера месаш а, маж-мекх а Iаьржа дара. Йуьхь – лахахь гатлуш йеха, нийса мара, жугIара бIаьргаш. Царна тIехула – аьрзонан тIемаш санна сеттина, даьржина, месала Iаьржа цIоцкъамаш. Аьрру бIаьрг, леррина тидам бича, вукхул жимо хеталора.
Бийсолтин йуьхь-сибат хаза битамаш болуш дара. Шуьйра белшаш, горга йуьхь, боьмаша коьртан месаш, нийса цIоцкъамаш, сийна бIаьргаш, лекха хьаж. Хабарна тIера вацара иза, къамел паргIат а дара цуьнан.
Бийсолтас дийцира сийсара хилларг. Зеламхас иза забарехьа даьккхира:
– Ас ца бехира хьоьга, обарг лела хьо жима ву? Обарг шина кога тIехь борз ма йу. Ткъа хьо хIинца а берзан кIеза ду, бехирий хьоьга? Ахь соьга ла ца дуьйгIира. ХIинца дерриг а лан деза ахь. ЧIирхой а богIур бу, салтий а богIyp бу. Шайн аьтто нислахь, хьо вуьйр а ву. Амма хьо даим а сема, сакх хила веза. Борз санна. Ларвала а, тIелата а. Делахь а кхера оьшуш хIумма а дац. Шу мичахь ду, ца хаьа Iедална. Вайн чIирхой а кхуза гIертар бац. Жимма а шеко йолуш хIума хилахь, со вогIур ву шу лардан.
Бийсолте са а доIуьйтуш, кхаа буса ха дира Зеламхас. Нагахь санна Бийсолтина хезнарг стеган тата хиллехь а, оцу кхаа буса арахьара адам ца деара кхуза.
3
Доьзалца кхо де-буьйса а даьккхина, шен чухулара бедарш а хийцина, ша кест-кеста схьавогIур ву аьлла, дIавахара Зеламха. Бийсолта йуха а ша висира шина зудчуьнца а, йалх бераца а.
Масех де делира, цхьаммо а хIокхеран са ца гатдеш. ТIаккха цхьана дийнахь кхуза веара Зеламхин хьаша маьлхи Элбарт. Цунах бIаьрг ма-кхийтти, хиира хIокхарна иза хазахетар дохьуш ца веанийла. Элбартан йуьхь кхоьлина йара, бIаьргаш чохь гIайгIа гора. Иза цхьаьннан а йуьхьа дуьхьал ца хьожура. Хьал-де а хаьттина, ша деанарг ала ца хIуттуш, цхьацца хабарш а дийцина, эххар а элира цо хIорш кхоьрург.
– Салтий бу кхуза богIуш. Кхаа агIорхула. Кхузара дIадовла деза шу…