Суьдан председатель Саламбекана тIевирзира:
– Хьан дехар дуй суьде?
Саламбек адвокате хьаьжира.
– Хьайна къинхетам беха суьде.
– Къинхетам боьхур бац ас, – сацам боллуш вистхилира Саламбек. – Амма харцо цалелор доьху ас суьде. Инарла Михеевс суна дош делла ирх ца оллийта. Ткъа прокуроро ирхъолла кхел йар дехна суьде. Инарла Михеевс тоьпаш тоьхна вен суна дош деллийла шена хуъушехь. ХIетте а кхин хIунда дуьйцу прокуроро?
– Бехкевинчун лехам нийса бу! – чIагIдира Башира.
Прокуроро дош дийхира.
– Господин суьдан председатель! Господаш къаной! Бехкевинчун а, цуьнан адвокатан а лехамаш законаца нийса ца богIу. Россин империн законехь къуьнна а, зуламхочунна а, разбойникана а тоьпаш тоха аьлла дац. Иштта сийлахь кхел тIемалошна гайтина. Ткъа ас лоруш волчу цуьнан локхаллин Михеевн бакъо йац и закон хийца. Цундела лерамечу суьде сан дехар ду разбойникана, талорхочунна, адамашдайархочунна Гасаоджев Саламбекана ирхъуллуш вен кхел йар.
Суд кхел йан кхечу цIа чу йахча, цигахь кхеташо йеш йоккху хан шарал а йахйелира Саламбекана. ГIопастанна улло а баьхкина, цуьнан дог-ойла айа, маслаIат дан гIepташ, къамелаш дора гергарчара а, доттагIаша а. Оцу кхаа дийнахь цигара дIа ца волуш, ирахь лаьттира Арслан. Наггахь гIопастанна улло догIура Хадижат а, кIант Iалихан а. Амма и шиъ, дист а ца хуьлуш, Саламбеке хьоьжуш, лаьттара шаьшшиъ полицейскийша цигара дIадаккхалц.
Суд чуеача, зала чуьра берриг а нах хьалагIевттира. Суьдан председатело кхел кхайкхийра Саламбек ирхъоьллина вен.
– Шун бакъо йац иштта кхел йан! – мохь белира Хадижатан. – Инарлас делла дош дохийна аш!
Суьдан председательна тIегIерта Хадижат гIалагIазкхичо, теттина, йухайаьккхира.
– Хадижат! Эхь ма де вайна! – мохь туьйхира Саламбека. – Бен дац, мухха вийча а!
– Делан мостагIий! Дала хIаллакдойла шу! Хьакхарчий!
– Хадижат! Тоийта!
Шен бага мел деанарг олуш, суьдана сардамаш кхайкхадора Хадижата. Арслана, Iалихана хьоьстуш, зала чуьра арайаьккхира иза. Aмма арахь а шен дог Iабош мохь хьийкхира цо цхьа хан йаллалц. ТIаккха, Саламбеке а кхойкхуш, тийжаш йелха йолайелира…
6
Шайн халкъан, даймехкан сий лардеш, маршо ларйеш тIамехь а, набахтешкахь а, каторгашкахь а, тангIалкха тIехь а дукха кIентий белла нохчийн а, гIалгIайн а къоман. ТIаме воьдучу стеган, цигахь ца вуьйш, дийна висаре дог дохийла хуьлу. Набахтехь а, каторгехь а Iожалла ца хилахь, хан чекхйаьлча, маршаваьлла цIавоьрзур ву бохуш, сапаргIат хуьлу. Амма къинхетаме а, дийна витаре а дог дохийла йоцуш, халкъан дуьхьа, даймехкан дуьхьа, ша бахьана долуш халкъана бохамаш ца хилийта, шайн синош дIадала реза хилла ши кIант ваьлла нохчийн, гIалгIайн къоман исторехь.