Светлый фон

Симсарара Олдаман Iаьлбаг-Хьаьжа а, СагIопшера Гасаоджан Саламбек а.

1877-чу шеран 13-чу апрелехь болабеллачу нохчийн гIаттаман коьрте хIуттуш, ткъе пхи шо дара Iаьлбаг-Хьаьжин. БархI баттахь лаьттина и гIаттам паччахьан эскарша ирчачу къизаллица хьаьшна, цIела карчийча, ша схьало бохуш, Iедало халкъ хьийзо долийча, ша бахьана долуш цхьана зудчун а, цхьана беран а бIаьрхин тIадам ца балийта, шен лаамехь Iедална тIевахара къона Iаьлбаг-Хьаьжа.

Куьйгех-когех гIоьмаш тоьхна, ворданахь тангIалкхашна кIел валийна, ша ворданара чувоссо улло гIоьртинчу эпсаран бетах мийра тоьхна, цергаш йаьхнера цо. ТIаккха ша ворданара чу а воьссина, ша гIанта тIе хьала а ваьлла, ша-шен коча муш а тесна, шена кIелхьара гIант, ког тоьхна харцийна, ирхъоллавеллера иза. Халкъан дуьхьа. Даймехкан дуьхьа.

Суьдо шена йина кхел оцу буса кхочушйийриг хиларх дог кхиънера Саламбекан. Пхьуьйра-ламаз а дина, надзирателе хи дехна, шен дегI цIан а дина, ламаз эцар карла а даьккхина, ша дIавигаре ладоьгIуш, бекъачу маьнги тIе аркъал охьавижира иза. Шена кханалера де, малх гур боцийла хуъушехь, Iаламат сапаргIат вара Саламбек. ЧIогIа Делах тешаш, Делах кхоьруш а волу иза тешна вара ша дуьненахь бина некъ а, тховса шен хинйолу Iожалла а ницкъ болчу Делера хиларх. Суьдхо, къаной, прокурор Делан лаамца лелла хиларх. Делан лаамца йина цунна хIара кхел. Далла ца лиънехь, йийр йацара. Дала кхоьллина цуьнан са, Дала дIа а оьцур ду иза.

Шен син ойла ца йо Саламбека. Олуш ма-хиллара, цкъа вина иза, цкъа лийр а ву. Амма мел ца йан гIоьртича а, доьзалан ойла ца йеш Iелац. Бераш кегий ду. Ши йoI а, ши кIант а. Йоккхачу йоьIан пхийтта, воккхачу кIентан шийтта шераш ду. Важа шиъ цаьршиннал жима ду. Кертахь йетт, говр, масех уьстагI бу церан. Ши урд кха а ду тIехь хьийкъина йалта хуьлуш. Амма Хадижатна хала хир ду-кх керт-ковн, доьзалан дукъ ийзо. Диъ-пхи шо даьлча, йоI маре йахийта а, кIантана зуда йало а деза. Саламбекан йерриг а дегайовхо Суламбекана а, Хадижатан вежаршна а тIехь йу. Цара буьтур бац уьш мацбала а, шелбала а. ТIаккха Iалихан воккха хир ву, цо цIийнан дукъ тIелоцур ду. Иштта а, вуьшта а рицкъанаш Делан карахь ду…

Буьйса йукъалтIехйаьлча, шина сохьтехь наб кхийтира Саламбекана. ГIенах дуьхьалхIуьттура Хадижат а, бераш а. Суламбек а, Арслан а. И гIан йукъахдаьккхира цуьнан, гIовгIа йоккхуш догIа а даьккхина, цIовзош, аьчган неI а йиллина, чубаьхкинчу набахтин надзиратело а, салташа а. Уьш шега бист ца хуьлуьйтуш, хьала а гIеттина, царна хьалхавелира Саламбек.

Цара гена а ца вигира Саламбек. Набахтин кертахь тангIалкх йара. Цунах кхозуш махо лестош муш а, кIел хIоттийна гIант а.