Кхузара маьждиг а ду нохчийн кхечу йарташкарчу маьждигел доккха а, хаза а. Тахана, пIерасканан дийнахь, рузбан-ламазе дукха адамаш гулделла кхуза. Шелара а, гондIарчу йарташкара а. Соип-Моллин хьехамашка ладогIа.
Соип-Моллица цхьа гIуллакх хилла, Шела веана Овхьад а нисвелира рузбане. Цуьнга тергалдаделира хIокху Делан цIа чохь а адамаша шайна йукъахь нийсо йеш цахилар. Дерриг а адамаш цхьатера бакъонаш йолуш кхоьллина ша, боху Дала. Къениг, мисканиг, гIийланиг тIехьа ма тетта, иза охьатаIо, лахван ма гIерта. Мелхо а, цуьнан дог эца, цуьнца гIиллакх леладе. Хьайн хьолах, даржах, ницкъах теший, даг чу куралла ма йоссийта. Уьш дерриг хьуна делларг а Ша ву, хьо кураваьллачу дийнахь уьш хьоьгара дIадаха ницкъ берг а Ша ву, боху Дала. Тахана хIокху маьждиг чохь болу берриг а нах шаьш Делах тешаш а, Делах кхоьруш а бу бохуш, Цунна Iамал йан баьхкина. Амма Дала бохург деш бац. Хьолахой, хьажой, таронаш йерш а хьалхарчу могIаршкахь, ткъа гIийланаш, къенаш, мисканаш – тIехьарчу могIаршкахь, дуьхехь, бу.
Лекха, стоммочу дегIахь, тIейуьйхина баьццара оба а, коьртахь туркойн цIен пес а йолуш волу маьждиган имам Овта-Хьаьжа хьалха а ваьлла, ламазаш дира. Овта-Хьаьжа ворхIазза Макка ХьаьжцIа вахана, ткъа цуьнан кIант Шамсуддин-Хьаьжа – уьссазза. Овта-Хьаьжа дукха хенахь дуьйна Шела-йуьртан къеда ву, ткъа Шамсуддин-Хьаьжа – Гермачигахь. Овхьада ойла йо: цкъа а, шозза а ХьаьжцIа ваха ахча-м дендийр дара, ворхIазза, уьссазза цига ваха ахча мичара даьлла дена а, кIантана а?..
Ламазаш чекхдевлча, нехан дехаршца хьехам бан минбар чу хьалавелира Соип-Молла. Берриг а накха дIалаьцначу шен кIайчу можах дай куьг хьаькхна, хьехам дIаболийра цо:
– Къуръан чохь а, Iалайсалам, Пайхамаран хьадисашкахь а дийцина, дуьне доха гергадахча, адамашна гундолу даккхий Iаламаташ. Цкъа Маьхьди вуссур ву дуьнен чу, цо адамаш ийманехь нисдийр ду, царна йукъахь барт, машар бина, нийсо йина, беркате, машаре дахар кхуллур ду. ТIаккха цхьа хан йаьлча, адамаш ийманах доьхча, Дала царна таIзар дан Даджал воссор ву дуьнен чу, цо боьха мел дерг даржош, адамаш тиларчу дуьгур ду. ТIаккха, адамех къинхетам бина, йуха дуьнен чу воуьйтур ву, Iалайсалам, Iийса-пайхамар. Цо, Даджал а вийна, ийман меттахIоттор ду. Амма адамаш йуха а Iесадевр ду. Дала царна таIзарна малхбалехьара схьа, Йаджуд, Маджуд цIерш йолуш, цхьа къиза ши стаг воуьйтур ву, цара адамаш кхин тIе а тиларчу дохур ду. ТIаккха Дала малхбузехьара схьа малх кхоьтуьйтур бу, дуьненах цIе латор йу. Оцу цIергахь цхьа дийнат гучудер ду, адамийн мотт а буьйцуш. ТIаккха Делан омрица Исрапил-малико, дуьне-Iалам къардеш, зурманца хаам кхайкхор бу, дуьне духу аьлла. ТIаккха дуьне духур ду.