Iожаллина кечвала шена ах сахьт хан йийхира Саламбека.
XIopa минотехь кхерамехь ду обарган дахар. Iожаллин чов хилла воьжначунна. Йасин деша молла ца хуьлу акха хьаннашкахь, лаьмнашкахь. Цундела Зеламхас а, цуьнан накъосташа а дагахь Iамийнера Йасин а, велларг дIавуллуш доьшу Къуръанан айаташ а. Саламбекана а дагахь хаьара Йасин а, айаташ а. Чаьлтачаша шен дехар кхочушдича, тангIалкхашна кIелхьарчу гIанта охьа а хиъна, лохачу мукъамехь паргIат Йасин а, цунна тIаьхьа масех айат а дешна, дехха доIа а дина, хьалагIеттира. ТIаккха тIаьххьара а стигала бIаьргтуьйхира Саламбека. Стигалахь серлабаьлла, буьззина кхетта бутт а, канашца дIасакхуьйсуш даржийча санна, даьржина лепаш седарчий а, царалахь къаьсттана лепа сахуьлу седа а. И стигал, бутт, седарчий тIаьххьара гора цунна. Цо тIаьххьара а кийра уьйзура хIapa шийла, цIена хIаваъ а.
Саламбекана йелла ах сахьт хан чекхйаьлча, цунна тIе ши гIулч йаьккхира чаьлтачо. Амма Саламбека, дуьхьал куьг а тесна, сацийра иза:
– Сох куьг ма Iотта. Ас айсса кхочушдийр ду хьан декхар.
Саламбекана ца лаьара дуьненахь шен тIаьххьарчу минотехь оцу керстане, мостагIчуьнга шех куьйгаш Iиттийта.
ТангIалкха кIел гIант а нисдина, цунна тIе хьала а ваьлла, чIагIалла зуьйш муш охьаозийра цо. Муш чIогIа, саба хьаькхна шера бара. Шаршад цкъа дIаса а озийна, шен логах а тесна, озийна лога тIе хьала а къевлина, чIоггIа цергаш тIеттIа а таIийна, когашца гIант дIа а харцийна, охьаоллавелира. Садукъделла, коьрте лазарш детташ, пхенаш ийзош, масех минотехь тангIалкха кIел дIасахьийзира цуьнан деза дегI. Амма цхьа а узар ца долуш, шен са дIаделира цо.
Цуьнан дегIера са дIадаларх тешначу чаьлтачо, салтийн гIоьнца муш а хадийна, охьадаьккхина дакъа, пена улло охьа а диллина, йуьхь дIахьулйеш, тIе тиша ши гали тесира.
ШолгIачу дийнахь СагIопше гергарчу нахе хаам бина, цаьрга дIаделира Саламбекан дакъа…
7
Шела шатайпа коьрта шахьар йу Нохчийчоьнан. Нохчийн кхечу йаккхийчу йартел дукха йоккха а йац иза. Шела коьрта шахьар лараран бух болуш бахьанаш ду. Соьлжа-ГIалина а, гIалагIазкхийн станицашна а генахь, Iаьржачу ломан когашкахь, шерачу арахь йиллина шира йурт йу иза. Цунна гонаха йу нохчийн йаккхий йарташ Гермачига а, Курчалой-Эвла а, Эвтара а, Гелдагана а, Сиржа-Эвла а, АтагIа а, Майртуп а, Мескар-Эвла а, Цоци-Юрт а, БIачи-Юрт а, Iаларой-Эвла а, кхиерш а. Малхбалехьара схьа Нохчмахкара цунна тIебогIуш масех некъ а бу.
Шелахь бу нохчийн баккхий Iеламнах, цIейаххана совдегарш, эпсарш, дохнадай, мехкадай. Кхузахь йу йаккхий туьканаш, пIерасканан дийнахь йоккха базар а хуьлу, оцу йарташкара а, Iаьндара а, генарчу йарташкара а адамаш гуллуш.