Зеламха шен тобанца тIекхаьчча, некъ лецира макIажоша. Царна хьалха лаьтта Зеламхина вевза Мусло а, ЯсаI а, Iyмap а, кхин масех стаг а.
– ХIей, Мусло! ХIун ду аш лелориг? Тхуна некъ хIунда ца буьту аш?
– Тхан йуьрта чу вогIур вац хьо, Зеламха!
– ХIун ду? Тхуна бихкина-м бац хIара некъ? Йа Iедалх кхераделла шу, йа цунна дохкаделла шу?
– Тхо кхераделла а, дохкаделла а дац, Зеламха. Тхан дуккха а нах Сибрех бахийтина. Дуккха а цигахь белла. Тахана а цигахь хан токхуш а бу. Цхьаберш хьо бахьанехь а лецна. Хьо йуьрта витиний хиъча, Iедало бохам бийр бу тхуна.
– Шайна дов ца дезахь, новкъара дIадовла!
– Девр дац. Тхан декъашна тIехула девлла бен йуьртахула чекхдевр дац шу.
Зеламхас ойла йира. Шеко йацара, Муслос и нах цунна дуьхьал карзахбаьхна хиларан. Дукхахболчаьргахь герз ду. Церан бертаза йуьрта гIортахь, хьанна хаьа, цхьана Iовдало герз тухий а. ТIаккха хIокхара дIатоха а деза. Вер-ваккхар хир ду. Ткъа хIокху нахах дуккха а Зеламхина бевза. МакIажа а, Хорача а лулахь ма йу. Йуккъехь гергарлонаш а ду. Дуккха а мостагIий бу Зеламхин. Стенна оьшу цунна керла мостагIаллаш? Амма хIара Мусло боху зуд таIзарза дуьтийла а йац.
Урх йуха а узуш, говран чоьже кIажаш таIийна, иза тIаьхьарчу когашна тIе а хIоттийна, дIакхевдина Муслон коьртах шед туьйхира Зеламхас. Муслос, хумпIара чуьра схьайаьккхина, Зеламхина тIе тапча лецира, амма иза лаг оза кхиале, Бетарсолтас, ка тоьхна схьалаьцна, цуьнан пхьарс хьалаберзийра. Йаьллачу тапчанан дIаьндарг хIаваэ хьалайахара. МакIажой а, шен накъостий а чуьччагIоьртича, Зеламхас мохь туьйхира:
– Герз ма тохалаш, кIентий!
Герз тоха лууш макIажой а бацара. Амма буй-тIара йеш, хьерча буьйлира. Делахь а, Зеламхин накъостий, говрийн накхошца уьш дIаса а тоьттуш, гуттар карзахваьллачунна шед а тухуш, тобанна йуккъехула а бевлла, йуьртахула чекхбевлира.
Гена довлале шен йийсар дагавеара Зеламхина. Амма иза гуш вацара цаьрца.
Зеламхин накъосташна а, макIажошна а йуккъехь хиллачу хьовр-зIоврах пайда а эцна, веддера иза. Ткъа макIажоша цунна новкъарло ца йинера.
8
МакIажал тIехваьлча, накъосташца муьлхачу агIор вахча, кхерамза хир дара-те бохуш, ойла йора Зеламхас. ЧIебарлойн лаьмнашкахь социйла а дацара. Шен гIалагIазкхашца кхуза хьалавогIуш хир ву Кибиров. Цкъа Шapa-Орган агIорхьа ваха дагадеара цунна. Кибировс дIакъевлина хир ду кхузара дIа цига доьлху некъаш. TIe, Моргания гIалагIазкхийн шина сотница Органца хьалавахана бохуш, хабар а дара. Шайн лар йайа цкъа Шара-Органехьа а вахана, тIаккха суьйлийн йуьрта Ригаха дIавирзира иза. Кхузахь цхьана ханна шайн лар йита сацaм хилира цуьнан. ТIаккха Iаьндойн лаьмнашкахь лар а йайъина, Нохчийчу а вирзина, накъостий дIаса а хецна, ша цхьанхьа къайлавала.