Светлый фон

– Баркалла хьуна, – массарна тIера дош элира комиссин куьйгалхочо инженера Орловскийс. – Тхо сихо ду. Сарале Соьлжа-ГIала кхача деза.

ХIорш цигаьркаш уьйзуш, вовшашца къамеле бевлча, вахмистр Магомаевна тIевахара Илев.

– Хезий хьуна, кунак? КхидIа кхераме бу некъ. Стомара дуьйна ца девза адамаш гучудевлла кхузахь. Зеламхин гIера йу бохуш а, дуьйцу. Дозораш бахийта некъ талла хьалха.

Вахмистра, шайн маттахь шина суьйличуьнга масех дош а аьлла, салтийн говрашкахь хьалха дIахьажийра и шиъ.

– Стенга воьду и шиъ? – хаьттира Долидзес вахмистре.

– Некъ кхерамаза буй хьажа.

– Вухаверзаве и шиъ! – човхийра иза ротмистра. – Зеламхин гIepa некъа йистехь лаьтташ хир йу-м, ца моьтту хьуна, Iовдал!

Хьекъална аьрто, къиза, мекара велахь а, кIиллочарех вацара Долидзе. Цунна дика хаьара Ведана кхачале шаьш кIелонна тIенислур дуйла. Хаьара, нагахь санна Зеламхица тасадалар хилахь, йа уьш, йа шаьш хIаллакьхилла, толам цхьана агIонгахь биса безийла а. Iожаллех ца кхоьруш дац Дала кхоьллина цхьа а са. Долидзе а кхоьрура Iожаллех. Цунна вала ца лаьара. Иза хIинца а къона ма ву. Амма ша кхоьрий ца хоуьйтура цо накъосташна.

Шина лома йуккъехь, некъо голатухучохь хIорш дIахьаьвзича, некъа йуккъехь кхо стаг лаьттара, тоьпаш хьалха а лаьцна. БIаьргех доьхкина Iаьржа куьзганаш долуш, цIен маж йерг – цхьа-ши гIулч хьалха, важа шиъ цунна тIехьа. Оцу шиннах цхьаъ вевзира ротмистрана. Полковника Морганиян кабинетехь гинера цунна и стаг. Вуьшта аьлча, полковникан къайлах йолахо. КхоалгIаниг – лекхачу дегIара, векъана, боккха, беха мара а, даккхий мекхаш а долуш.

– Герз ма хьаде! Герз хьадахь, тIетухур йу шуна! Цхьацца чу а вуссуш, лаьтта бертал охьадийша! – омра дира Бетарсолтас.

Бетарсолта оьрсашца дукхазза а набахтехь Iийнера. Цунна гIеххьачул шера оьрсийн мотт хаьара. Йоза-дешар а Iеминера. Аюбал тIаьхьа Зеламхин талмаж а, йозанча а вара иза. Шатайпа писар.

Топ карахь пайтон чуьра чуиккхира Долидзе.

– Шуна моьтту кIилло зударий дац тхо! – мохь тухуш, тоьпан лаг уьйзира цо.

Зеламхина тIе дуьххьара хIоьттинера иштта киртиг. Долидзен топ йолуш цIеххьана, каде аьтту агIор дIатаьIира иза. ТIехьа лаьттачу Пешхос, шен ондачу пхьаьрсашца цуьнан пхьаьрсаш йукъа а къовлуш, маравоьллира Зеламха.

– Тахана тIаьххьара де ду хьан, хорачойн Зеламха! Деле хьайна къинхетам…

Пешхо кхидIа вистхила ца кхиира. Лакха тIера схьатоьхначу тоьпаша цхьатерра вожийра Долидзе а, Пешхо а. Накъостех цхьаммо, нийса ниша а лаьцна, Пешхон аьтту лерга чу тоьхна дIаьндарг, коьртах потт а тосуьйтуш, аьрру лергахула арайаьллера. Некъана шинне aгIop тархашна тIехьара схьайеттачу тоьпаша бохийна хьовзийра дошлой. Оцу йоццачу йукъах пайда а эцна, накъосташна тIе лома хьалавелира Зеламха а, Бетарсолта а. Сихха меттабаьхкинчу суьйлаша, пайтонашна, говрашна тIехьа а лечкъаш, обаргаш болчу aгIop низам доцуш, эрна тоьпаш йеттара.