Светлый фон

Шина сохьтехь бахбелира и тIом. ДегIастанхойн дошлойн йуьхьанца аьтто бара, шайн командир вийча, йуха а бевлла, бевдда, кIелхьарбовла. Амма цара иза ца дира. Уьш ламанхой ма бара. ХIумма а кIилло а боцуш. Майра, доьналле, йахь йолуш. Царна ца лаьара, инженерийн комисси ларйан декхар тIедиллина Дагестански полкера къастийна шаьш, шайн декхар а, шайна белла тешам а бицбина, кIиллой бевддера аьлла, лаьмнашкахь эхье цIе йаккхийта. Ткъа тIом генабаьлча тIаьхьа дара йухабовла. Хьалхарчу сохьтехь царах маситта вийнера. Йайъина а, чевнаш хилла а Iохкура говраш а. Шийтта дегIастанхочух итт велла Iуьллура. Дийна висина шиъ чевнаш хилла вара.

Шайна дуьхьалдетта герзаш севцча, ГацагIеран Бетарсолта а, АнагIеран Жамаьлда а тIе а кхайкхина, цаьрца некъа тIе чувоьссира Зеламха.

Кхузахь белла Iохкура дегIастанхойн дошлой, виъ салти, кхиберш а. ТIамарш йаржийна аркъал а, бертал а, набарш кхетча санна, кIегар хевшина а, чевнаш хилла меженаш куьйгашца схьалецна йуьхьарбахана а. ХIокху кхааммо, цхьацца тIе а воьдуш, йаххьаш къилбехьа йерзош, меженаш нисйеш, бIаьргийн негIарш тIе а къуьйлуш, моггIара аркъал охьабехкира суьйлий. ТIаккха йаххьаш тIе церан шайн башлакхаш а тийсина, дoIa дира.

– Дала гечдойла шуна. Дала къинхетам бойла шух. Ламанхой, лулахой, тхан бусалба вежарий дара шу, дуьненан хьоло Iехийна, сутаралло тхуна дуьхьалдаьхна. Дала къастор ду вайх бакъ а, харц а мила хилла.

Пешхон дакъа тергал ца деш дитира цара.

ТIаккха кхечу беллачаьрга а, чевнаш хиллачаьрга а хьаьвсира уьш. Белла Iохкура ротмистр Долидзе, виъ салти, статс-секретарь Войтченко, инженер Орловский, некъийн мастер, некъийн контролер. Чевнаш хилла Iохкура вахмистр Магомаев, некъийн мастер, ши ямщик, подполковник Чикалин, суьйлийн дошло.

ХIораннан чевнашка хьаьжира Зеламха.

– Шун чевнаш кхераме йац. Лоьро дIайихкича, сихха йоьрзур йу. Цхьа сахьт далале орца кхочур ду шуна тIе. ХIетталц сатоха.

ТIаккха пхьаьрсах чов хиллачу, сира маж, дехий, даккхий мекхаш долуш, кхузткъа шарал лакхара хан хила тамехь оьрсичунна тIехIоьттира Зеламха. Оьрсичун белшаш тIехь цхьа шатайпа погонаш йара.

– XIapa мила ву? – хаьттира цо дархошка.

Цхьа а вист ца хилира.

– XIapa оьрси мила ву, хоьтту ас шуьга? – аз айдира Зеламхас.

Цхьа а вист ца хилира.

– Тхан накъост шайн кара нисвелча, аш, йетташ, меженаш кегйеш, йагош, хьийзаво, накъостий бийца бохуш. Оха иза ца до. Тхо чаьлтачаш дац. Оха гIорасиз стаг, карахь герз доцу стаг ца хьийзаво. ХIунда ца дуьйцу аш хIара оьрси мила ву?

Вахмистр Магомаев, лазаршна цергаш тIеттIа а къуьйлуш, куьг лаьттах а гIортийна, охьахиира: