Светлый фон

– Селхана вевзинера. Нийсса аьлча, селхана гинера.

– Тахана байъинчу инженерашна йукъахь варий иза?

– Вацара.

– Комиссица вацара иза?

– Вара. Иза новкъа йолуш, цунах дIa a къастийна, Темирхан-Шура вигна иза. Цигара дIа БуритIа гIур ву.

ОьгIазвахана, цергаш хьакхийра Зеламхас. Михеевн нуц шен буйнахь волуш санна, сапаргIат вара иза тахана Iуьйранна. Сибрехь болчу шен доьзалца иза хийца шен Iалашо кхочушхилча санна. ХIинца и сатийсам а дIабели цуьнан. Гуттаренна ца баьллехь а, цхьана ханна. Йуха а иза лаца гIерташ, цунна тIаьхьа толлуш, лела веза. Кхин аьтто нислой а, ца хаьа. Ткъа Беци, Зезаг, бераш Сибрехь ду. Цхьа а тайпа хабар доцуш, масех бутт баьлла. Инженерашкахь карийна ахча а ши бIе шовзткъа сом бен дац. Эрна хили цо а, накъосташа а хьегна къа а, Iанийна цIий а.

– Оха тхайца дIавуьгур ву хьо, полковник. Шортта ахча лахь, маршавоккхур ву. Масала, ши эзар туьма.

– Сан дац оццул ахча. Аьттехьа а. Алапел совнаха, суна тIедогIуш цхьа кепек а дац.

– Россехь бахам буй хьан? ЦIенош, латта, даьхни?

– Иза а, важа а дац. Со помещик вац.

– Мел ахча далалур ду хьоьга?

– Итт-ткъа туьма.

– Гергара нах, доттагIий буй хьан?

– Бу. Со санна, къен. Къена а.

– Аьшпаш буьтту ахь, полковник. Къен оьрси хьан дарже лакха ца воккху шун паччахьо. Хьолахо бен. Къен оьрси салт воккху. Хьан ахча ду. Россехь бахам а бу. Цул совнаха, кхузара ламанхой къинхетамза талабо аш. Тиша шарбал йуьйхина, Россера кхуза веана эпсар, цхьа шо далале, эла санна, кечло. Хьайн хьаькаме, гергарчу нахе, доттагIашка кехат йаздийр ду ахь. Цхьа бутт балале Зеламхина ши эзар туьма тIе ца кхачадахь, хьан корта боккхур болуш бу цо аьлла.

Кхузахь бекъа кхача а биъна, цхьана сохьтехь говрашка са а даIийтина, новкъа бевлла уьш МакIажа кхочуш, эвла йистехь гулделла дуккха а адамаш гира царна. Цаьргара шайна новкъарло хир йу бохург дага а ца догIу Зеламха, шек а воцуш, тIевахара царна.

Лаьмнашкахь дукха йарташ йу тогIешца йаьржина. Йарташ ала йаккхий а йац уьш. Уггар йоккхачу йуьртахь бIе сов кIур хуьлу. Царна тIедоьлху некъаш хала ду. Амма миччахь а цхьанхьа, мел генахь а хилларг, телеграф санна, хIора йуьрта дIакхачадо. Къоьзан-Iомана а, Ботлихе боьдучу некъана а гена йац МакIажа. Цундела макIажошна уггар хьалха хиънера тахана некъа тIехь хилларг.

МакIажоша дукхазза а дуьхьало йинера Iедална. ХIокху Ведана- округехь уггар къармазечу йартех коьртаниг лорура иза Iедало. Кхузара дуккха а нах – къаьст-къаьстина а, доьзалшца а – Сибрех бахийтинера. Цхьаберш цигахь беллера, важаберш хан йаьккхина а, бевдда а, цIа бирзинера. МакIажошна хаьара, Зеламха шен тобанца шайн йуьрта гIуртур вуйла. Иза чувитича, цуьнан тIaьхье муха хир йу, хаьара. Iедало луьра таIзар дийр дара йуьртана. Царна ца лаьара, шайн бехк-гуьнахь а доцуш, йуьртана бохам хуьлийла. Цундела МакIажан йуьртдас Муслос йурт гIаттийра, Зеламха цига гIортахь, иза йуьрта ца вита.