Цхьаьнакхета меттиг – Дубин-Эвлан йистехь.
Дерриг а дийцина, лерина, терзанца санна, оьзна дара. Шена накъостий къастош, Соипан цIе ца йаьккхинера Зеламхас. Цунах вас хилла, Зеламхина тIевеара иза:
– Зеламха, Соьлжа-ГIала буьгучарна йукъахь сан цIе ма ца йаьккхира ахь?
– Хьо ца вуьгу ас сайца.
– ХIунда?
– Ца вуьгу.
– Сох ца теша хьо?
– И дага хIунда деана хьуна? Хьенан ву а, мила ву а ца хуучу хенахь салташкара ас схьа ца ваьккхина хьо?
Соипан йуьхь цIийелира.
– Хьан ненан хьо цхьаъ бен вац. Хьан ши бер ду. Тхо кхерамна тIедоьлху. Цхьа а дийна вуьсий а, хаац.
– Чермойн ломахь бацара кхерам?
– ХIинца санна бацара. ХIетахь вайна мостагI гуш вара. Вай тIаме даханера. Кханалерниг шатайпа ду.
– Со дIакъаьстар вац хьох, Зеламха. Чермойн ломахь тIaьxxьapa ваша а вийна, цхьа висина хьо. Иза пхийтта шо жима вара сол. Цуьнан метта хьан ваша ву со.
Зеламхас мел дуьхьало йарх, ша бохучунна тIера ца велира Соип. Цунна хIун дийр ду а ца хиъна, иза ларвар тIе а диллина, Бетарсолтех дIатуьйхира Зеламхас.
Оцу буса цкъа ШерипагIеран Деналбек волчу вахара Зеламха. Цуьнан жима доттагI Асланбек цигахь вацара. Полтавехь кадетийн корпусехь доьшуш вара иза.
– Кехат догIий сан доттагIчуьнгара?
– Сих-сиха.
– Муха ду цуьнан гIуллакхаш?
– Дика доьшуш ву ша бохуш, йаздо. Оьрсийниг боцург, кхин масех мотт Iамош ву. Шен xIopa кехат тIехь хьо а хотту.
– Дала дукха вахавойла иза. Къонах хир ву цунах. Дуьххьара бIаьрг кхетча, хиира суна, цунах къонах хир вуйла. Болатан бос, Iаьржа, хьекъале бIаьргаш. Айхьа цуьнга кехат мосазза йаздо, соьгара маршалла диллалахь.