Сибрех болу Зеламхин доьзал цIаберзоран гIайгIа беш бара вежарий ШериповгIар. Шаьш дIасабевлла ца лелара, Петарбухехь а, Москох а лоруш волчу адвокатехула МутушагIеран Ахьматханехула гIайгIа бора цара.
– Пачхьалкхан Думехь лоруш волчу масех депутатаца къамел хилла Ахьматханан. Суьдашна, прокурорашна тIехь тергам латточу юстицин министро дош делла цунна хьан доьзална тоьхна хан лахйан. Йа вуьшта аьлча, цунна тоьхна пхи шо хан шина шаре йало. И ши шо хан кхочуш йоллу. Дала мукъалахь, кестта цIабоьрзур бу хьан доьзал.
Деналбек волчохь дукха ца хьелуш, йуьстахчу, боданечу урамашкахула гIалех ара а ваьлла, Соьлже вахара иза. Цигахь бехаш бара Зеламхин уггаре а тешаме хьеший, вежарий – IодагIеран Юнус а, Юсуп а. Тховса буьйса йаккха цара дIасабекънера кхузахь Зеламхин накъостий. Зеламхас дагалаьцнарг дерриг хаьара шина вешина. Дагара ца хаийтахь а, муха доьрзур ца хууш, сагатлуш, буьйса йуккъе йаххалц цхьацца дуьйцуш, хан йайъина, охьавижира и шиъ.
Зеламха дикка Iийра наб ца кхеташ. Деналбека дийцинчух боккха кхаъ хиллера цунна. Ша марша вер ву бохучух-м дог диллинера цо. Iожалла а йара, xIopa дийнахь гo горгбеш, тIегIерташ. Беци, Зезаг берашца цхьаьна цIа бирзича, ша велча а, шек ца волура иза. Набаро бIаьрнегIарш даздина тIетеIош, бераш дуьхьалтуьйсура. ТIаккха, халла хаалуш балдаш делакъажийна, наб кхийтира цунна.
4
Зеламхас йоккхачу къайлехь кечйинера хIapa рейд. Цуьнан накъосташна а, кхин масех стагана а хаьара иза йармарка тало кечлуш хилар. Мухха делахь а, царах цхьаммо ша тешачуьнга дийцинера цунах лаьцна. Кица ду-кх, хьох-м тешара ша, хьо тешачух ца теша-кх бохуш. Цхьаьнга къайлах дийцинарг, къайлах кхечуьнга дуьйцуш, иза атагIойн ЮшаIан лере кхаьчнера. Цо, сихха дадийна, Морганияна тIедаьхьира и хабар. Амма хьалха Аюб итт туьманах воьхкинехь, шена шовзткъе итт туьма кара схьа ца делча, Зеламха ца воьхкира цо.
И мах бира цаьршимма 1911-чу шеран октябран 15-чу буса. Шеца Дагестански гIашлойн полкан кхо рота а, гIалагIазкхийн ши сотни а, суьйлийн йалхитта дошло а волуш, вахана, Соьлжина го лецира полковнико. Гунаш тIе пулеметаш хIиттийра, йуьртара арадовлу дерриг а некъаш дIакъевлира. ТIаккха ЮшаI хьалха а волуш, IодагIеран цIеношна тIейахара поручикан Епифановн рота. Поручикана IодагIеран цIа а гайтина, ЮшаI къайлавелира. Морганияс йерриг куп дIалацийтира салташка а, гIалагIазкхашка а.
Салташна летачу жIаьлийн гIoвгIaнo самайаьккхира йерриг йурт. ХIун дара а хаац, йуьрта салтий баьхкича, карзахдовлура жIаьлеш. Уьш лаа ца летий хиъна, вуьшта а набарна сема Зеламха а, иза ларвеш хIетта наб озийна хIусамда Юнус а цхьатерра хьалаиккхира Iуьллучуьра. Миччахьа а буьйсанна охьавуьжуш, шен герз катоьхча, схьаэца аьтто болуш охьадуьллура Зеламхас. Бедарш тIе а йуьйхина, патармийн гIап а, шаьлта а йукъах а йихкина, маузер коча а тесна, доьхкарх ши бомба дIа а тесна, топ схьа а эцна, аравала кечвелира Зеламха. ХIусамда цуьнца дIагIоьртира.