Светлый фон

Даа мерзаниг, тIедуха-когадуха диканиг, йовха хIусам хиларх тоам ца хуьлу стагана, нагахь санна цуьнан кийрахь цхьа бала, сингаттам хилча. Иза дIа ца баккхало дуьненан хьоле. Ткъа оцу бархI адаман кийрахь сингаттам бара, кIуркIамане санна, даим дIа хьийзаш, и кийра чахчош, боттуш. Кхузара адамаш, церан мотт, амалш, гIиллакхаш, Iалам хийра дара церан дегнашна. ШолгIа шо дара царна нохчо ганза, даймахкара хабар хазаза. Ца хаьара, Зеламхех а, Бийсолтех а, шайн йиша-вешех а хIун хилла. Ойланаш йора, уьш байъина-те, лецна набахтехь бу-те, хIокху пана Сибрехь, хIорш санна, халонаш, баланаш ловш, даймахке сатуьйсуш, бIарзбелла лелаш бу-те, бохуш. Йа хIокхеран йарташ йагийна, гергарнаш а, йуьртахой а доьзалшца цхьаьна махкахбаьхна, цхьана пана махкахь вовшех а къастийна, баржийна-те, бохуш. Ткъа буьйсанна набарш кхетча, тайп-тайпана гIенаш гора царна. Цхьа наггахь – хаза гIeнaш. Даймохк, дагна гергарнаш. Иштта хаза гIан гуш, шаьш самадевлча, вас хуьлура царна. Дукхахьолахь вон гIенаш гора. Шайн белларш, салтий, йохийна а, йагийна а хIусамаш, эрчадаьхна декъий, кхин а, кхин а. ТIаккха дегIе хьацар детташ, узарш деш, маьхьарца самабовлура. Иштта гIан гича, кхин тIе а алсамболура цаьргара бала.

Стигалахь гулйелла догIанан мархаш йа дуькъа дохк даржош, гучуболучу малхах тера хIокхарна хилла Валентина дIайахча, кхин тIе а базбелира царна и бала. Аркадий Петрович а, Николай Трофимович а вогIура дийнахь. ХIокхарна хIун оьшу а хьовсий, цхьацца кега-мерса гIуллакхаш а дой, дIавоьдура и шиъ. Наггахь лулара зударий а, хIокхаьрца буьйса а йацйой, дIабоьлхура. Ткъа хIорш шайн гIайгIанашца цхьаьна буьсура.

ШолгIачу Iай хIокхарна йуьйцу а ца хезначу цамгарх, шина кIирнах а Iиллина, дIакхелхира Ахьмад. Оцу шина кIирнах цкъа а кийра рицкъа ца дахара цуьнан, даим дIа хаддаза хи муьйлуш, дено-дено гIеллуш. ТIаккха оццу цамгарх, иштта бала а хьоьгуш, кхелхира Лом-Iела а.

ЦIахь, даймахкахь, иштта киртиг нанна тIехIоьттича, Iожалло хьийзочу, са дIадала гIертачу доьзалхочунна уллохь ца йуьту иза, йитахь а, ша цхьаъ ца йуьту. Нанна уллохь цуьнан да-нана, йиша-ваша, гергарнаш хуьлу. Цара мелла а байбо ненан кийрара бала. Ткъа Бецина а, Зезагна а орцахвала цхьа а вацара хIокху пана махкахь. Цара шаьш дIанисвира ши кIант синош дIалуш, шаьш тIекъевлира бIаьрнегIарш, чIенгаш, куьйгаш дIанисдира. Цара шаьш лийчийра шина кIентан декъий, шаьш кечдина марчо хьарчийра.

И шиъ-м Дала веллера цаьршинна. Дуьненахь ваха царна ша билгалйина хан чекхйаьлча, дIа а вигнера. И шиъ реза йара Дала динчунна. Ахьмад велча, Беци а, Зезаг и бIарзйинарг, царна Iаьткъинарг кхин дара. Ахьмад жима велахь а, цадешарх тарлуш делахь а, цо са дIалучу хенахь цхьаммо Йасин а ца доьшуш, иза валар Iаьткъинера цаьршинна. Иза дIаволларан гIайгIа а йара. Каш даккха а дезара. Иза керстанашка даккхийтича, муха мир дара а, ца хаьара. Каш-м, гIаддайча, шаьш а доккхур дара цаьршиммо. Коша вилла а ма везара. ДIавоьллинчул тIаьхьа коша тIехь Йасин, ЗаIам ца дешахь а, Къуръанан цхьацца айаташ деша а, доIа дан а ма дезара. Уьш цхьа а ма ца хаьара Бецина а, Зезагна а. Уьш а, гIаддайча, тардолуьйтур дара. Доллучул а царна бала бинарг кхин дара. Иза мичахь дIаволла веза цахаар. Бусалба стаг керстанийн кешнашка дIаволла ца магадой, хаьара цаьршинна. Кхузахь бусалбанийн кешнаш дац. Керстанийн кешнашка дIаволлар хьехочохь а дацара. Цхьанхьа къастийна каш а даьккхина, дIавоьллича, иза эрна арахь, хьуьнхахь дIакхоьссича санна, хетар дара, шаьш дуьненахь йоккхучу йерриг а хенахь кийрахь бала хир бара.