ТIейуьйхина кетарш, коьрта техкина корталеш, куйнаш делахь а, бераш шеллора. ДIакъовлаза йисина беснеш, марош зийзадора шелоно. Шина зуцчо-м садеттара шелонна а, мацаллина а, набарна а. Берашна хала дара. КIадделлера, наб йайнера. Дийнахь наггахь кхоллучу бепиган йуьхках а, булочкех а кхачо ца хуьлура, мацалла дIа ца туьйра. И некъ кхидIа бахбеллехь, берех хIун хир ду, ца хаьара шина зудчунна.
Эххар а шаьш ссылкехь латто билгалйинчу меттиге дIакхечира уьш. Енисейски губернерчу Минусински уездерчу Ермаковка цIе йолчу йуьрта.
Сибрехара йерриг йарташ санна, тайгахь, доккха доцчу хин йистехь, хьуьна чохь маьI-маьIIехь даьржина цIенош долуш, оцу aгIор йоккха йу ала мегаш йурт йара Ермаковка. Йуьрта йуккъехь, лекха цхьа момсар а йолуш, ханнех йина килс йара. Цунна гонаха алссам а, луьста а дара цIенош. Кхузарчу цIенойх цецбевллера БецигIар. Цхьа а хьостам ца тухуш, арахьахула поппар а ца хьохуш, стаммийчу ханнех динера уьш. Цхьа гIат а, ши гIат а долуш. ХIорш ши гIат долчу цIеношкахь лахарчу гIатехь дIатарбира. Хетарехь, меттигерчу Iедало оцу гIуллакхна хIусамдена мах белла лецнера и цIенош. ХIусамдай шаьш къастийна динчу кегийчу цIенош чохь бехаш бара. Суьйранна БецигIарна мотт-гIайба а, хи латто дечигах дина чийлак а, цIе лато дечиг а охьадиллира цара, тIаккха шаьш кечбина кхача а хIоттийра.
Дуккха а сингаттаме, балане суьйренаш хиллера шина зудчун дахарехь. Амма уьш шайн даймахкахь ловра цара. Кегийчу берашца цхьаьна Iедалах лечкъаш, йуьртах, гергарчарех, цIийнах йаьлла итт шо хан текхира. Цхьа минот а хан ца хуьлура и шиъ сапаргIатйаьлла. ХIинций-хIинций шаьш леца салтий богIу бохуш, дегнаш детталуш ладоьгIура. Амма хIетахь и шиъ нохчашна, гIалгIашна йукъахь йара. Цара ларбора уьш кхерамах. Сагатделча, хIусамдайшца, лулахошца охьаховший, синтем бойла хуьлура. Цара мацбала а, шелбала а ца буьтура. Берашца ловза церан нийсархой а хуьлура. Кест-кеста Зеламха а кхочура царна тIе. Цигахь дерриг а дагна гергара дара. Лаьмнаш а, хьаннаш а, Iаннаш а. Дерриг Iалам а. Кхузахь дерриг а хийра ду. Адамаш, церан мотт, гIиллакхаш. TIе, нагахь санна Зеламхех хабар кхуза кхаьчнехь, диканиг йа вониг кхаьчна, ца хаьа. Вочу aгIop вуьйцуш хабар кхаьчнехь, хIокхаьрга мостагIашка санна хьуьйсур бу кхузара бахархой. Кхузара Iалам а ду шатайпа. Цхьа а дитт дац церан даймахкарчарех тера. Шийла бу xIapa мохк. Бовхачу махкахь кхиъначу хIокхарна хала ду кхузара шело лан. Бовхачу махкара цIеххьана шийлачу махка нисбелча, махкалла а дой, кхузахь адамаш леш меттигаш дукха хуьлу бохуш, хезнера царна. Могаш, дегIехь ницкъ болу къона нах а. Ткъа xIapa шиъ зуда йу, бераш кегий ду. Шайн кхоллам муха хир, ца хууш, и хьалхара буьйса набарза йаьккхира Бецис а, Зезага а. Цкъацкъа тийжаш йелха дог догIура. Амма цаьршимма, хала садетташ, сецабора легашка хьалагIерта бала. И шиъ йилхича, дегнаш духур дара берийн…