Валентина Михайловнин ткъе йалх шо дара. Боьмаша месаш, жугIара бIаьргаш, дуькъа, деха цIоцкъамаш, нийса мара, севсина цIен балдаш, беснешна йуккъехь а, чIенга тIехь а кIаьгнаш долуш, озо ала мегаш, йуккъерчу дегIахь, кIайчу чкъурахь, чIогIа безамехь йоI йара иза. Партал, кIедачу озаца цо хабар дуьйцуш, ца кIордош ладегIа дог догIура.
Валентинас хIокхарна дуьйцура газеташа Зеламхех лаьцна йаздийриг. Цкъа цхьана дийнахь Муслимате, Энисте элира цо:
– Шуьшинна гIеххьачул оьрсийн мотт хаьа. Жимма вай къахьегча, иза шарлур бу шуьшинна. Делахь а йоза-дешар Iaмo деза ашшиммо. ТIаккха шаьш доьшур ду аш газеташ.
Ши йоI ца тешара шаьшшинна йоза-дешар Iемap ду бохучух. ХIокху доьзалехь Муслиматах – Бедаг, Энистах – Эни олура. Ткъа Валентинас и ши цIе шатайпа йоккхура.
– Бадик! Аниска! Сох ца теша шуьшиъ? Кхузахь хала хIумма а ма дац! Пхи-йалх шо долу берашна Iема кхаа баттахь. Ткъа шуьшиъ хьекъал долуш, йоккха ши йоI йу. Тахханехь болх дIаболор бу вай. Мохьмад а, Лом-Iела а Iaмop ву шуьшинца цхьаьна.
Оцу дийннахь меттигерчу ишколе а йахана, цхьа азбука, масех тетрадь, къоламаш, кира деара Валентинас. ШолгIачу дийнахь Николай Трофимовича жима у кечдира, тIе Iаьржа басар а хьаькхна.
Валентинас ма-аллара, кхаа баттахь йоза-дешар Iемира деа берана. Делахь а кхиамаш цхьатера бацара церан. Энистан кхиамаш алсам бара. Мохьмада а, Лом-Iелас а мало йора, йа вуьшта аьлча, царна ловза лаьара. Делахь а йоза йаздан а, газет доьшуш цхьа таро йан а Iеминера и шиъ. Ткъа Муслиматна а, Энистана а шо далале шерра деша а, хаза йоза йаздан а Ieмиpa.
Шен дукхахйолу хан хIокхеран доьзалехь йоккхура Валентинас. Берашца къамел деш, цара оьрсийн дош нийса ца аьлча, нисбеш, книга йоьшуьйтуш, йоза йаздойтуш. БецигIарна иза шайн доьзалхо санна хетара. Валентина шайца йолуш, царна бицлора шайгара бала. Амма шо даьлча, вовшахкъастийра уьш. Минусинскерчу Iедална хиира Валентина разбойникан Зеламхин доьзалца болх беш хилар. Иза, кхузара дIа а йаьккхина, Минусинске йигира.
Дийнахь хIорш болчу вoгIypa Аркадий Петрович а, Николай Трофимович а. ХIокхарна хIун оьшу а хьожий, дечиг а доккхий, кхин кега-мерса гIуллакхаш а дой, дIавоьдура. Ткъа буьйсанна шайн гIайгIанашца шаьш буьсура хIорш. Кхузахь шо даьккхинехь а, бахархой шайца мел дика белахь а, цхьаьнггера а шайна кхерам бацахь а, буса, гIyй буллий, неI дIакъовлура цара.
Цхьана буса хIорш бийшина Iохкуш, цхьаммо меллаша неI туьйхира. Беци, Зезаг, ши йоI сема йара, амма уьш ца баьхьара гIуй дIабаккха. Мосазза а неI тоьхча, гIеттина, неIаре йахара Энист:
– Мила ву неI йеттарг?