Светлый фон

Iелас и захало хьахийра Ахьмаде а, Айзе а. И шиъ резахилира. Овхьада йуьхьанца дуьхьало йира. Шен шовзткъе кхойтта, Седин ткъе цхьаъ шо ду, кхин ткъа шо даьлча, ша къанлур ву, ткъа Седа шовзткъа шаре йаьлла, дуьненах самукъадолу хан йолуш, къона зуда хир йу. ТIаккха шаьшшиъ цхьаьнадогIур дац, бохура цо. Седа резахилира. ДIадаханчу шарахь и захало дира Iелас. ХIинца Овхьадан, Седин жима кIант ву. Болат. ХIинца, ша тахана велча а, шек ца волу Iела.

ШолгIачу дийнахь, шаьшшиъ цхьаьна висча, сийсара шен хилла сацам кIанте бийцира Iелас.

Iусман воьхна хьаьвзира:

– Цигахула лела могашалла ма йац хьан, дада. Иза гена некъ ма бу.

– Могашалла-м, Дала мукъалахь, хIинца цкъа дика йу сан. Ткъа геналлех дерг аьлча, ас Сибрехара цIа вогIуш бинчу некъаца буьстича, Хонкаран дозане некъ уьттазза боца бу. Гуьмсехь цIерпошта тIехиъча, цхьана-шина дийнахь дIакхочур ву.

Ден нийат дохо а ца лаьара Iусманна. Амма массара а велларг лерина, вицвина лаьттина, ткъе берхIитта шо даьлча, Дала шайна схьавелла къена да дIахеца а ца лаьара. ХIинца вахча, иза йуха ца верзарна а кхоьрура. Къена ма ву иза. Iожалла а ма йу къоначарна а, къеначарна а тIаьхьахIоьттина лелаш…

– ХIета, хьо Iанне а ца Iахь, цхьаьний гIур ву вайша.

– Хьо ца оьшу. Суо гIyp ву со. Хьан цIера волийла дац. ЦIахь а, кхаш тIехь а шopттa болх бу.

– Хьеха ма делахь!

– ХIан-хIа, Iусман. Со-суо вахана вогIур ву. Къоначарна кхераме ду цигахула лела. ХIара синтем боцуш зама йу. Доьзалца цIахь хила веза хьо. Ткъа суна са ма гатде. Дала мукъалахь, могаш ву со. Суна оьрсийн, туркойн, Iаьрбийн меттанаш а хаьа. Гуьржашца бийца гIеххьачул церан мотт а хаьа. Гена некъ ма бац цига. Мохьмад лоьхуш ца хьелахь, цхьана баттахь цIа вогIур ву.

Цхьана йукъана йуьхь кхоьлира Iелин. Шовзткъе ворхI шо хьалха, Аьрзу а, Маккхал а, Чора а Хонкара ваха кечвелча, шен а, Аьрзун а хилла къамел карладаьккхира цунна хIинца шен а, Iусманан а хиллачу къамело. Iелина ца лаьара шен цхьаъ бен воцу ваша, ша уллохь а воцуш, гена махка вахийта. Аьрзу дуьхьал вара Iела шеца ваийта. Хьан зуда а, ши кIант а ду, хьо цIера ваьлча, керт йаьсса йуьсу, цIахь Ie, бохура цуьнга. Амма Iела ца къарвелча, мара а воьллина, цуьнан коьртах куьг хьаькхира Аьрзус. Мацах тIамо да-нана, йижарий-вежарий байъина, жима волуш шаьшшиъ цхьалха висинчу хенахь санна…

Деган цхьана кIоргехь халла хаалуш кхераман пха бетталора Iусманан. Даго диканиг ца хьоьхура. Делахь а деца къийса бакъо а йацара. Ахьмаде орца ала сацам бира цо…

 

2

 

Iела Хонкара воьду боху хабар сиха даьржира йуьртахь. Ахьмаде а йуха ца ваккхавелира иза шен сацамна тIера. ХIара зама синтеме йацарна, новкъахь цунна цхьа бохам хиларна кхоьрура иза а, нах а. Амма IабдигIарна боккха кхаъ хиллера цунах. Цхьана ханна иза кхузара дIавалар а маслаIат хетара царна. Цигара иза йуха цаверзаре дог а дохура.