Къамелаш хьаьвззина тахана Нохчийчохь хIоьттинчу хьолана тIе девлира.
– Цхьацца йарташа Iедална йечу дуьхьалонех хIун хир ду-те, Iела?
– ТIехь лан ца даллал Iазап а, харцо а латтош хилча, дуьхьало ца йеш, таьIна Iep лайн амал йу. Амма и дуьхьало муха а, маца а йан йеза, хаа деза. Вайн цхьа декъаза амал йу: даим герзаца, майраллица ваьшна маршо йаккха гIертар. Цундела даим вай оьшуш, вайна бохаме доьрзу. Цкъа мукъана а и маршо хьекъалца йаккха гIорта дезара вай. Цхьадолу халкъаш шаьш гIовтту. Iедало уьш хьошу. ТIаккха раж кхечаьрга кхочу. Бусалбанаш, керстанаш ца къестош, ваьш санна Iазапехь дахкочу кхечу къаьмнашца барт а бина, ницкъаш цхьаьна а тоьхна, ца гIовттахь, Россерчу цхьана а къомана шегга маршо йаккхалур ма йац.
– И барт хир буй ткъа къаьмнийн?
– Хилийта гIерташ къахьоьгуш цхьа нах бу Россехь.
– Дала аьтто бойла церан.
– Кхечу къаьмнашца барт хилар-м хьехочохь а дацара. Вайн нохчийн шайн барт хилахьара. Цкъа тайпанашка, йуха вирдашка бекъабелла, вовшашца хьагI-гамо лелайо. Цундела вайна тIехь атта олалла латтадо муьлххачу Iедало а…
Хьеший дIабоьлхуш цхьана минотана тIаьхьасецира Ахьмад.
– Iела, дукха-м доьхура ас… Ваийтахьа со хьайца!
– ХIан-хIа, Ахьмад. ХIара зама карзахе йу. Нагахь цIеххьана дарц далахь, хьо оьшур ву йуьртахь. Буьрса дарц, мох баьлча, къоначу диттийн хьун тaьIa, царна йуккъехь Iаламан ницкъо дахчийна къена, зоьртала пепнаш, нежнаш ца хилча. Хьой, сой саннарш хьалха хила беза, къомана тIе бохам беача. Суна са ма гатде, цхьа бутт балале йухавогIур ву со.
…Оцу буса массеран Iодика а йина, Iуьйранна са ма-тесси, новкъа велира Iела.
Ша новкъа ваккха цхьа а ца ваийтира. Шеца цхьаьна регIа бевлла Ахьмад, Овхьад, Лорса, Iусман, Янаркъа цIа а хьовсийна, масех минотехь цигахь сецира иза.
Уггар хьалха Iаьрчхехь массарех къаьсташ лекха, зоьртала лаьттачу попана тIехь сецира цуьнан бIаьрг. Цуьнан бакъабала боьллачу буьхьан дерзинчу га тIехь Iapa Iaьpжa маккхал. Оцу попа кIел ваьлла иза дуьнен чу. И йоккха, йуькъа пепнийн хьун хилла цунна дуьххьарлера цIа. Гобаьккхина гуш йолчу хьаннаша, нанас санна, доладеш кхиийна иза ткъе иттех шарахь. Цунна йевза оцу регIахь массо меттиг. Дагна хьоме йу xIopa кол, гy, ор, Iин… Кхечарал башха, гергара йу кхузара стигал. Даим боьлуш, ша хьоьстуш, эсала хьоьжуш хета малх. Ткъа латта? Маржа-йаI, даймехкан латта! Жимачохь ненан некхах къаьстинчу берах тера хуьлу-кх хьох хаьддарг. Ма дукхадеза-кх хьо Iелина, ма дукха хьегна хIара хьох. Хьан дуьхьа шайн цIий Iенийна, хеназа хьан кийра бирзина цуьнан дай, вежарий, кIант… Хьоьга сатуьйсуш цхьа буй латта шен бесни кIел диллина, хийрачу махкахь лаьттах вахана Аьрзу. Маса, маса эзар воьжна хьан дуьхьа, маса эзар вужур ву шайн бераш маьрша, машаре хьуна тIехь дахийтаран дуьхьа!