Светлый фон

Командующин кеxат Козловскийга дешийтира инарлас. Подполковник хаттаре Смекаловга хьаьжира.

– Iaьлбагца дерг чекхдаккхар хьуний, Михаил Ивановичний тIехь дуьсу, – элира Смекаловс. – Cоьгахь болчу хаамашца, Iaьлбагца, дукха велахь, кхо бIe стаг бен вац. Гонахара йарташ къарйелла. Шуьшиъ атта ларор ву цуьнца. Амма, xIapa aгIo хецна а йуьтуш, дІaгIoйлa дaц сан. Iаьлбаг, шен тунгари чуьра ара а ваьлла, Яьссин йарташка вер ву. Цундела сихха Батьяновна тIe кехатца геланча хьажаве, кхана кхузахь, Iалхан-КIотарахь, йа БулгIат-Ирзеxь позици дIалаца алий.

– ХIарра кеxат Батьяновга а кхаьчна, хьан локхалла.

– Гуттар дика ду-кх тIаккха. Цo аттачу доккху гIуллакх.

– Амма Михаил Иванович реза вац xІокху тIедахкаршна.

– Реза вац бохург хIун ду? – цецвелира Алексей Михайлович. – Приказ – приказ ма ду.

– ХIетте а, Батьяновс кеxат дахьийтина, ша резавацаран бахьанаш дуьйцуш.

– Масала?

– Тхан полкера шиъ батальон а, цхьа сотня а, хьуна ма-хаъара, Темирхан-Шypаxь йу…

– Йисина батальонаш тIех а тоьур йу Іaьлбаган гІера йохо.

– ХIокху карахь йолчу хенахь иза кIезиг ницкъ бу, хьан локхалла. Хьаннашкара гIа ца доьжна хIинца а. Цига йаханa oтряд мятежникаша лаххьийна хIаллакйийр йу.

– ЭхIей, сан Дела, йаІ! Кху сохьтa бeнoйн йарташкахь цхьа са а ма ца дисина. Даьттахой, чеччалхой, гeндaргaнoй a вaйгахьа бу. ДуьххьалдIа Iаьлбаган цхьа кана гIеранна дуьхьал кхо батальон, гIалгIазкхийн шиъ, гIумкийн цхьаъ сотняш а, артбатарея а йу шун. ТIe, отрядна гIоьнна аьккхийн, салатавхойн дружинаш йу вовшахтоьхна. ХІетте а, бIo цa булу шун? Суна-м эхь хета хьоьга ладоьгIуш, подполковник.

– Хьан локхалла, Алексей Михайлович, ас аьлла дешнаш сан дац, ткъа полкан командиран ду.

– Ой, xIoкxo Iaьнда гIо мa бoxy cоьга! Ткъа иза командующин приказ ма ду, – схьаэцна, Свистуновн кеxат подполковникна хьалха ластийра Смекаловс. – Ас хIун де ткъа, къинхетаме государь?

– Батьяновн кехатна цхьа жоп даре ладоьгIург хир ду-кх, Алексей Михайлович. Тхан отрядан ницкъ кIезиг ма бу, симсаройн хьаннашка йаха.

Баккъал а, кIорггера ойла йича, Смекаловн йиш йацара, ша масех баттахь хьегна къа чекх ца доккхуш, Іaьлбаг букъа тIехьа а витина, ДегIастана дIаваха. Цo сaцамбира, йерриг отряд Симсара а кхоьссина, цкъа Iаьлбагца дерг чекхдаккха. Сацам – сацам бу, амма иза кхочушбан тешаме план йезара. ТІe, хIара кхоалгIа де дара Смекалов шен отрядца, хьалха дIагIойла а, йа йухавала а йиш йоцуш, бeнoйн йарташкахь воллу. ХIара йагийна Іалхан-кIотар шатайпа резиденци йара цуьнан.

Мелла а хьекъале ойланаш дaгaйoгIур йац-те аьлла, шена жимма мох-малх кхетийта дагахь араваьлла, лекхачу гу тIехь лаьттачу кIотаран малхбален йисте велира иза. Кхузара дIа дика гора йeрриг бeнoйн йарташ. Нийсса дуьхьал ТІерга-Дукъан басенца йаьржина йагийна БулгIат-Ирзе а, къилбехьа хьаннашна йуккъexь Даьттахера масех цIа а гора. Цигахула Яркхсуца хьала беккъа цхьа некъ бара симсаройн хьаннашка боьдуш. Некъаш-м кхин а хила тарлора, амма отрядехь цхьа а вацара уьш хууш.