Омра дешна а ваьлла, Iабдис газет дIахьарчийча, нахана йукъахь гIовгIа йелира. Цхьаъ ала дагахь хьалхагIоьртира Солтхин Солта.
– Цкъа собар делахь, Солта, – сацийра иза СаьIада. – Эпсаран кхайкхам а бешна, тIаккха шена хетарг эр ду хIораммо а.
Резавоцуш корта а хьовзийна, куьг ластийна, йухавелира Солта.
2
Цкъа а йуьртан гуламе ца вогIу, тезеташкахь бен нахана йукъа ца волу Iела, рузбана веача, тахана дуьххьара гуламе нисвеллера. Цуьнан а, уллохь хиъна Iачу Аьрсамирзин а ойланаш, Iабдига ладоьгIуш велахь а, цхьана йукъана гена Хонкара-махка йаханера. Дийна ву а йа велла а ца хууш, масех шо хьалха доьза вайнера Аьрсамирзин кIант Эламирза а, Iелин вешин Аьрзун цхьаъ бен воцу кIант Мохьмад а. Оьрсийн-японийн тIеман фронтехь тIамна дуьхьал мятеж йинчу нохчийн а, гIебартойн а шина бIон коьртехь хилла и шиъ, накъостий лоьцуш, Iедалан кара ца воьдуш, веддера. Цаьршиннан накъосташна Мукденехь тIеман-аренан суьдан кхелаца итт-ткъа шераш хенаш тоьхнера каторгехь йаха. Масех бутт хьалха Хонкара-махкара схьа цаьршинга хабар кхаьчнера, йолах болх беш а, сагIа доьхуш а, лачкъош а шайна кхачанна а, некъана а ахча доккхуш, кхаа шарахь ваьлла леллачул тIаьхьа, шаьшшиъ Хонкара-махка а кхаьчна, цигарчу нохчашца цхьаьна вехаш а ву, даймахка цIа вирзича, лаьцна, Сибрех вахийтарна кхоьруш, цхьана ханна цигахь сецна аьлла. Цунах боккха кхаъ хиллера къеначу Iелина а, Аьрсамирзина а. Шеко йацара, и шиъ Нохчийчохь велахьара, тахана Зеламхин тобанца хирг хиларан. Ткъа обарган дахар хIора минотехь а кхерамна кIел ду, Iожалла а йу, кIажаш хьоьшуш, цунна тIаьхьайаьлла лелаш…
– Оцу эпсаран кхайкхам нахана бовзийта аьлла, тIедожийна дац тхуна, – элира СаьIада, нехан гIовгIанаш дIатийча. – Делахь а цо бохург хаар зене хир дац. Дешал, Iабди.
Iабдис кхин газет даржийра.
– Бахархошкара герз дIадаккха а, обаргаш, кхиболу зуламхой леца а, зуламаш совцо а кхоьллинчу шатайпачу эскаран командиро Вербицкийс хIара кхайкхам бо нохчашка а, гIалгIашка а:
«Нохчий, гIалгIай!
Шу майра къаьмнаш ду. Шун дайша майра, турпала къийсина шайн маршонехьа. Аш майралла а, доьналла а гайтина, оьрсийн байракхаш кIел Россин хастамехьа леташ а. Амма хIокху тIаьххьарчу шерашкахь шуна йукъахь цхьа боьха адамаш гучудевлла, шайн эхьечу, боьхачу гIуллакхашца шун оьздачу къаьмнийн сий бехдеш. Шун къаьмнех девлла даххаш ду уьш, къоланашций, талорашций дехаш. Имам Шемала талорхочун корта боккхура, къуьнан куьг доккхура. Оцу зуламхошца дepг тIаьххьара а, гуттаренна а чекхдаккха сацам бина вайн пачхьалкхан правительствос. Ахархо, белхало, совдегар, пхьар, Iу – иза муьлххачу къомах велахь а, хьанала къа а хьоьгуш, маьрша, машаре ваха лаьа цунна.