– Кхин тIетоьхна ала хIумма а дац. СаьIад, хьо йуьртда ву, ахь жоп ло йуьртах. Хьуна тIедуьллу оха Iедалца дерг машаре дерзор.
– Дера, Аьрсамирза, хIокху йуьртан дуьхьа са дIадала а хала ма ца хетара суна, шайна диканиг дича, нахана хаахьара…
– Диканиг дича а, вониг дича а хаьа. Нах а бац сонта.
– Iела бакъ луьй, мацах цкъа хилларш, лелларш карладохуш, кIамдеш, чевнаш дарйан ца йеза, йерзийта йеза. Вайн къомана машар оьшу.
– И къуй, талорхой халкъе совцалур бац, Iедало совцо беза!
– Бехк-гуьнахь доцу миска нах, зударий, бераш ца хьийзош!
Делкъе йанза а, цIахь гIуллакхаш долу а нах, цхьацца-шишша тобанашка а бекъабелла, майданара дIасабевлира. Шайн йуьртахь обаргаш а, къуй а, талорхой а бацахь а, герз хьалххе дIаделлехь а, уьш сингаттаме бара. Йуьрта баьхкича, нахана цхьа бохам ца беш дIагIур бац салтий а, гIалагIазкхий а. Уьш шаьш ма бу уггар боьха, уггар къиза талорхой…
3
Полковник Галаев вийначул тIаьхьа цуьнан метта Ведана-округан ханна начальник хIоттийна капитан Дудников, шел хьалхарчу шиннан хилла декъаза кхоллам шен а хиларна кхоьруш, Зеламхица йолчу йукъаметтигашца чIогIа ларлора. Цуьнца даррехь къийсам ца латтабора Дудниковс, амма пачхьалкхана текхамаш бойтуш, бахархой хьийзабора. Бертахь текхамаш ца бечеран йа уьш бан ницкъ боцчеран керташкара даьхни дуьгура, хIусамашкара йийбар дIахьора. Бехкечарах а, бехке боцчу нахах а йуьзнера Веданара набахте. Цигахь чу ца тарбелларш Соьлжа-ГIала дIабуьгура.
Халкъана ницкъ бечу хьаькамех ша бекхам эцале, цкъа хьалха цаьрга дехаре кехат йаздора Зеламхас, бахархошна ницкъ ма бахьара аш, зударий а, бераш а ма хьийзадахьара аш, шена тIаьхьа таллар а дитахьара аш олий. Уьш шайн некъа тIера йуха ца бевлча, тIаккха царах бекхам оьцура цо. Иштта кехаташ йаздинера Зеламхас полковнике Добровольскийга а, Галаевга а, къизачу эпсаршка а. Иштта кехат даийтинера цо Дудниковга а. Зеламхин кехат жоп доцуш дитича, иза шена бохаме дерзарна кхоьрура капитан. TIе, хIокху округан начальникан даржехь ша цхьана ханна вуйла а, хаьара цунна. Нохчийн округашка начальникаш цхьана генна хьажийнчу Iалашонца Кавказерчу къаьмнех нах хIиттабора Iедало. Цундела кхуза керла стаг хIоттаваллац, Зеламхица мелла а машар лаха, цуьнца шецца машаре дийцарш дан сацам хиллера цуьнан. Хьанна хаьа, и дийцарш деш, цхьана мекарлонца и обарг лаца шен аьтто хиларе къайллах дог дохура цо.
Дудниковс шен тешаме нах бахийтира Зеламхина тIе. Уллохь цхьа а воцуш, шеца цхьаьнакхета, нагахь санна вайшиннан машаре барт хилахь, ша Iедале хьуна къинхетам а, маршо а йоьхур йу аьлла. Цхьаьнакхета меттиг а, хан а билгалйира. Веданна гена доццуш, хьуьна йуккъерчу цхьана ирзо тIехь, Iуьйранна малх схьакхетачу хенахь Iедалх а, адамех а тешам байна, даим а сема, сакх хуьлу Зеламха, сатоссучу хенахь вахана, йиллина меттиг а, гIaп а гучу меттиге охьахиира. Садаьржачу хенахь гIопера арабевллачу салташа хьуьна чохь ирзонан гo дIалецира. Дудниковн йамартло гучуйаьлла Зеламха, ша волччохь цунна йаппарш а йина, дIавахара.