Со кхойкху массо а хьаналчу, оьздачу адамашка, махкара зуламаш дIадахарехь цхьаьнакхетта, сайна гIo даре, къуй а, талорхой а, разбойникаш а шайна йукъара дIалахкаре. Шун къаьмнийн уггар оьздачу гIиллакхах – хьаша тIеэцарх – пайда оьцу оцу зуламхоша. Амма, суна хетарехь, оцу гIиллакха йукъа ца богIу къуй а, талорхой а. Шайн хIусамашка богIу некъ бехка царна.
Къуй, талорхой! ХIинца шуьга а кхойкху со. Шун олаллин хан чекхйала герга йу. Шу, талораш деш, адамийн цIий Iенийнарш, тIеман законашна тIе а доьгIна, ас ирхъухкур ду шу. Цундела ас цIенчу даггара хьехар до шуна: шаьш сан отрядана тIенисделлачу хенахь, дийна карадогIучул, тIаьххьара цIийн тIадам Iанналц леташ далар гIоли йу шуна. Шух кIилло воцург, боьрша верг, тхуна хьалха йуха ца волуш, герз а карахь, леташ, лийр ву. Къуръано ца магийна зуламаш шайгара цадийлинарш, къоланаш а, талораш а цадинарш машаречу дахарна, хьаналчу къинхьегамна тIеверза. Шайн берашка дешийта, пачхьалкхан законаш лера Iамаде, Мухьаммад пайхамара гайтинчу некъа тIехь нисде, халкъана пайде хила Iамаде!».
Iабди, ша дешна газет дIа а хьарчийна, йуьстахваьлча, СаьIад вистхилира нахе:
– ХIинца, сардалан омранах а, эпсаран кхайкхамах а лаьцна шайна хетарг аш алале, цхьа масех дош ала лаьара суна. И омра даьккхина инарла а, нохчийн, гIалгIайн халкъашка кхайкхам бина эпсар а, уьш керстанаш белахь а, цхьана aгIop бакъ луьй аьлла, хета суна. Баккъал а, оьрсийн, керстанийн Iедал вайн дин сийсаздеш а дац, и дин лело вайна новкъарло йеш а дац. XIоpa йуьртахь цхьацца, ткъа йаккхийчу йарташкахь шишша а, кхоккха а маьждигаш ду. Берашна бусалба дин Iамо хьуьжарш а йу. Эвлайааш а, Iеламнах а бу. Вайн къоман Iадаташ а, гIиллакхаш а лоьру Iедало. Къуръан чохь а, пайхамаран хьадисашкахь а диканиг-вониг а, цIенаниг-боьханиг а, хьаналниг-хьарамниг а довзийтина вайна. Шен куьйгашца ша къа а хьегна ца даьккхинчу рицкъанах пайда ма эца, нехан долаллина тIе куьйгаш ма кхийдаде, къола ма де, адамаш ма дайа, кхидолу зуламаш ма леладе, боху вайга Дала…
– Цкъа хьалха шаьш дита зуламаш! – мохь туьйхира Солтас. – Тхо къоланаш деш а, зуламаш деш а дац! Шаьш лелориг дийца!
– Оха лелийна, леладо бохуш, дукха дийцина, Солта. Тахана уьш ца дуьйцур вай. Къуръан чохь Дала а, хьадисашкахь пайхамара а аьлларг ма ду оьрсийн Iедало вайга бохург а, ткъа вай йа бусалба дино бохург а, йа Iедало бохург а ца до, цундела вайна даим дIa бохамаш хуьлу, вай къен-миска а, балехь а ду. Iаьржа ун санна, нохчийн махкахь даьржина хIара зуламаш. ЦIоз санна, мискачу халкъана тIелетта и зуламхой совцо шена гIo де, боху вайга Iедало. Нагахь санна шайна машаре, синтеме даха лаахь, маьрша, хьанала къахьега лаахь, зуламхой къайла ма баха, царна гIo ма де – боху сардала. Бахархойн карахь герз мел ду, къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш дIадевр дац, боху цо. Зуламхой совцо а, герз дIадаккха а шена гIo ца дахь, ша уьш хIаллакбийр бу, ткъа церан гIоьнчашна ша луьра таIзар дийр ду, боху цо. Нагахь санна гIуллакх оцу хьола тIе далахь, хийла бехк-гуьнахь доцу адамаш дойур ду, зударий, бераш, къенанаш Сибрех бохуьйтур бу, йарташ йохор йу. Шеко йац, нагахь санна вай кхетаме ца дагIахь, вайн йуьртана а таIзар дийриг хиларан. ХIунда аьлча, вайн ши йуьртахо ву обаргашца. Султахьаьжин Доша а, Сулимин Хьомсуркъа а. Уьш талораш деш, адамаш дойуш бу, ца боху ас. Iедалан бекхамах шайн синош довдийна, обаргаллин новкъа бевлла уьш. Амма Iедална гергахь обарг цIе йолу муьлхха а стаг талорхо, адамашдайархо ву. Кхана-лама вайн йуьрта эскар деача, цо и ши стаг а, герз а дIадехча, хIун дийр ду вай?