Iела, везза хьала а гIеттина, гонна йуккъе а ваьлла, Iасанна тIе ши куьг а диллина, дIахIоьттира. ГIайгIано кхолийна цуьнан сийна бIаьргаш цкъа лаьтта богIабелира, тIаккха меллаша нехан йаххьашна тIехула кхерстира:
– СаьIадан хаттарх сайна хетарг алале, цхьа масех дош ала лаьара суна. Оьрсашца тIамехь да а, воккхахволу ваша а вийна сан. Вешин хIетахь пхийтта шо дара. ТIамах бевдда, орца баханчохь нана а, йиша а йийра. Вешин Аьрзун йалхитта, сан дейтта шо долуш, ден а, ненан а, вешин а, йишин а чIир йекха, оьрсех бекхам эца тIаме вахара тхоьша. Йалхитта шарахь тIом бира охашиммо. Дийна бисинчу эзарнаш нохчийн санна, оцу тIамехь хиллачу чевнийн моьнаш ду сан дегIа тIехь. Оьрсийн паччахьо махкахбаьхна, Хонкара баханчу нахаца цига вахана, даймахка цIа гIоьртинчу нахаца туркойн-оьрсийн дозане кхаьчча, цигахь туркоша вийра сан ваша Аьрзу. Даймахка цIа вирзинчул тIаьхьа, Iедало лаьцна, Сибрех вахийтина со, цигахь ткъе берхIитта шо хан а йаьккхина, диъ шо хьалха цIа веана. Со Сибрех воьдуш, цIахь ши кIант вара сан, цIа веача, воккхахверг ца карийра суна. Иза а тIаьххьара нохчийн гIаттам болуш оьрсаша вийнера. Тхан доьзалера йалх адам дийна оьрсаша, махках а ваьккхина, соьга ткъе берхIитта шо хан йаккхийтина. Дуьненан жоьжахатехь ткъе берхIитта шо хан йаьккхина ас. Оьрсийн халкъера хьал суна девзина. Вайга гIоьрттуш Iазапехь, лоллехь, къен-миска доллу иза. Сан мостагI оьрсийн паччахь а, Iедал а, хьолахой а бу. Уьш бу сан да-нана а, йиша а, вежарий а, кIант а байарна, нохчийн халкъана хиллачу берриг а бохамашна бехке. Цаьрга, сан санна, боккха цабезам хир бац шун цхьаьннан а, цхьана а нохчочун а. Сайн ницкъ белхьара, хIокху махкара паччахьан Iедал дIадоккхур дара ас, паччахь а, хьоладай а берриг а бойур бара ас. Амма ницкъ бац соьгахь а, нохчийн халкъехь а. Вешан дайн, нанойн, йижарийн, вежарийн, кIентийн чIир йоькху, оьрсех бекхам оьцу, маршо йоккху бохуш, леташ, хIаллакьхуьлуш ду нохчийн къам. Хенан йохалла дебаш дац вайн къам, лахлуш, кIезиг хуьлуш ду. Чов кегош, дарйеш хила ца деза, иза йерза йита йеза. Делан цхьа де хир ду керстанан балех вай маршадаха тоьхна. Ткъа оцу къоланаш, талораш, кхин зуламаш дечу наха вайн халкъана диканиг ца до, цара керл-керла бохамаш бо. Уьш Делан дуьхьа а, бусалба динан дуьхьа а, халкъан дуьхьа а ца лела. Сутаралло арабаьхна лела уьш. Шаьш бахьана долуш халкъана бохам хиларх, шекбовлуш бац уьш. И нах совца безара, йа халкъо совцо безара. Ткъа вайн йуьртах дерг аьлча, Доша а, Хьомсуркъа а, церан доьзалш а хIокху йуьртара дIабевлла. И ши стаг къола деш, талораш деш ву бохуш а, ца хезна вайна. Йуьртахь долу герз а хьалха дIаделла наха. Цундела, СаьIад, хIокху йуьрта салтий багIахь, цаьрца дерг ахь, йуьртана зен-зулам ца хуьлуьйтуш, дIадерзо деза. Иштта хета-кх суна. Кхин бегIийла дерг хуучо ала мегар ду.