Светлый фон

Ша Галаев вийчахьана Iедал шена тIаьхьа талла доьлча, шен доьзал Нохчийчуьра дIабаьккхира Зеламхас. Кхузарчу массо а йарташкахь, кIотаршкахь, лаьмнашкарчу жан гIотанашкахь тешаме нах бара цуьнан, хIара ларвеш, шайн синош а дIалур долуш. Амма мостагIий а бацара хIумма а кIезиг. Iедална хаьара Зеламхас дIа мел боккху ког. Зеламхе а, цуьнан доьзале а кертахь цхьа буьйса йаккхийтина нах Iедало хьийзабора, Сибрех хьийсабора. Ша-м вийча а шек ца волура иза, амма ша а, шен доьзал а бахьана долуш нахана бохам ца хилийта, иза ГIалгIайчу, Iacca-хин лакхенга, лаьмнашка, дIабигира цо.

Доьзал цига дIабуьгуш, новкъахь, гIалгIайн Лаьжга-юьртахь кIант хилира Бецин. Цунна Iумар-Iелa цIе тиллира дас. Уьш болу меттиг хIинца цкъачунна къайлехь йара Iедална, делахь а шеко йацара хенан йохалла иза гучуериг хиларан. Iедалан агентура йара генарчу а, гергарчу а нохчийн йарташкахь. Амма Зеламхин бIаьргаш а, лергаш а дара массо маьIIехь. Соьлжа-ГIалахь, ГIалгIайчохь, Буру-гIалахь, ДегIастанан лаьмнашкахь. Телеграфо санна, дика болх бора цуьнан агентуро.

Зеламхина дуьхьал генеральни операци йан таллархойн ханна отряд вовшахтоьхча, майраваьллачу Дудниковс, Хорача а вахана, йурт йаго кхерам туьйсуш, Зеламха а, цуьнан доьзал а къайлабевлла меттиг йийца бохуш, хьийзийнера цигара бахархой. Цхьа цIа дагийнера цо, нах кхеро. И хаам шега кхаьчча, сихха Хорача вахара Зеламха. Дукхахдерг шен цхьаъ бен воцчу жимачу вешина Бийсолтина сагатделла.

Малх чубуза лахбелча, шен ши накъост эвла йистехь а витина, йуьрта вахара Зеламха. Урамехь иза тIенисвелча, цхьаболу йуьртахой, хазахетий, тIекерабовлий хьаьвзара, шайн хIусаме воьхура, амма дукхахберш, доцца хьал-де а хоттий, дIакъаста сихлора. Царна бехк а ца буьллура Зеламхас. Иза а, цуьнан да а, вежарий а бахьана долуш дуккха а бохамаш ловра хорачоша.

ЭлсангIарах къаьстина, тIе латта тесна тхов а, готта нeI а, жима ши кор а, лоха уче а йолчу лаппагIи чохь шаьш дехаш дара Билкъис а, Бийсолта а. Говрара чу а воьссина, цуьнан урх кертан хьокхи тIе а тесна, иза керта ваьлча, дера леташ, схьакхийсалора бунна хьалха аьчган зIенаца дихкина доккха, Iаьржа жIаьла. Цуьнан гIовгIa йаьлча, цIа чуьра араиккхинчу Бийсолтас, човхийна, дIатедира иза. ТIаккха, ведда тIе а веана, вешина маракхийтира Бийсолта. Керта-арахь гIовгIа йаьлча, кхераелла Билкъис, кIантана тIаьххье уча а йаьлла, бIаьргашна тIехула куьг а лаьцна, Зеламхе а хьаьжна, иза вевзича, йедда тIе а йеана, меракIант къевллина мара а воьллина, шен сирбелла корта цуьнан шуьйрачу, ондачу некха тIе а таIийна, йист ца хуьлуш, йелха хIоьттира. Билкъис доггаха йоьлхура, сатен ца туьгуш. Иштта доггаха йелха дукха а, даккхий а бахьанаш дара цуьнан. Билкъисан кIентан дена ГушмацIина а, цуьнан шен дена Элсанна а йуккъе бархI шо хьалха, вовшийн нах а байъина, мостагIалла доьллера. И мостагIалла бахьана долуш шина цIарна йуккъехь йисина Билкъис, ша хIун дер ца хууш, бIарзйелла хьийзира оцу масех шарахь. ХIусамда а, цуьнан ши кIант а обарг ваьлча, зударий Iедало хьийзо болийча, шен кIантаца ден цIа дIайахара иза.