Цхьанхьара лехна схьавалийначу йуьртдега дитт долчу дIагулбайтира кIотарара боьрша нах.
– Зеламха варий сийсара кIотарахь? – буьрса хаттар дира Дудниковс тобане.
Тобанах схьа а къаьстина, Дудниковна хьалха хIоьттира йуьртда.
– Вацара. Тхуна хууш, цкъа а хIокху кIотарахь а ца хилла иза.
– Делах тешаш вуй хьо?
– Делах тешаш ву со, Дала мукъалахь.
– Ткъа ахь аьшпаш хIунда буьтту, къена газа?
– Ас аьшпаш ца буьтту. Суна хууш, цкъа а хIокху кIотарахь ца хилла Зеламха.
– Иза кест-кеста Габис волчу хьошалгIа вогIуш хилар суна ма хаьа ткъа? Кхузахь вехаш волчу хьуна хIунда ца хаьа? ТIе, дерриг а хаа дезаш, йуьртда а ма ву хьо.
– Ца хаьа суна. Кхузарчу бахархошна цхьанна а ца хаьа. Зеламха кхуза вогIуш хилча, цхьанна ца хууш дуьсур дацара.
– Оцу шина цIеношкара схьа тхуна дуьхьал тIом бинарш муьлш бара? Обаргаш бацара уьш?
– Обаргаш бацара. Хьеший бара.
– Шаьш тIебиссинчу хIусамехь хьешаша тIом беш гIиллакх маца дуьйна ду шун?
– Цкъа а ца хилла. ХIинца а дац.
– ТIаккха шаьш тIебиссинчу хIусамера схьа паччахьан салташна герз хIунда диттина оцу хьешаша?
– Цкъа-делахь, цIеххьана йуьрта а лилхина, герзаш диттинарш салтий бара. ШолгIа-делахь, хьешаша йекхнарг чIир йу…
– XIyн чIир?
– Аш селхана вийначу пхеа гIалгIачун чIир. Церан гергара нах бара уьш, кхузахула чекхбовлуш, делкъе йан севцца…
Букъа тIехьа ши куьг лаьцна, шозза-кхузза дIаса а волавелла, йуьртдена хьалха сецира Дудников:
– И разбойникаш аш йуьрта битарна, ас шайна хIун таIзар дийр ду, хаьий шуна? Шун йуьртах чим бийр бу ас!