Илли чекхдаьлча, Шаляпинан аз кIез-кIезиг лахлуш, лаьмнашца, хьаннашца дIадижира, Терко хуьйдина, дIатийра. Шаляпин гIайгIане хьаьжира шена хьалха тийна хевшина Iачу обаргашка.
«Мацца а цкъа иштта турпала Iожалла хир йу-кх хIокху цхьайттаннан а…» – доккха садаьккхира цо.
– Баркалла хьуна, Федор. Оха гIелделла, гIайгIане ладегIарх, тхох ма кхардалахь. Харцоно, къизалло xIoкху декъазчу, халчу новкъа даьхна тхо. Тхешан кхолламах хIумма а даккхийдеш а дац. Доьзалех, йуьртахойх хадийна, адамех а къастийна, акхаройн амалшца дехаш делахь а, адамаш ду тхо. Тахана-кхана, мацца а цкъа оцу гиххойн Хьамзатан а, цуьнан накъостийн а санна, Iожалла тIеэца дезар ду тхан. Обаргаш хила дуьнен чу ма ца даьхнера тхо тхан наноша…
– Хаьа суна, Зеламха. Пачхьалкхан Думе ахь йаздина кехат дешна ас…
– ХIета хьуна дерриг а хаьа. Дерриг аьлча а, коьрта дерш. Сайгара бала суна а бен ца хаьа. Iедало хIокху новкъа со ваккхале къена ден да а, да а, шиъ ден ваша а, сайн ши ваша а, дуккха а шичой а бара сан. Тхо машаре дехара, цхьаьнцца а хьагI-гамо а йоцуш. Латта а лелош, даьхни а кхобуш. ХIинца уьш цхьа а вац. Берриг а байъина. Iедало ша а байъина, чIирхошка а байийтина. Тхуна йуккъехь мостагIалла кхоьллинарг а Iедал дара. ХIинца пхуьйтталгIа шо долуш цхьа ваша висина сан. Иза а сан новкъа ваьлла. Кхин некъ ма бац цунна. ЦIахь Iийча, Iедало йа чIирхоша вуьйр ву. Сан зуда а, жима йалх бер а ду. Вийначу вешин зуда а, жима кIант а ду. Лаьмнашкахь цхьанхьара кхечухьа кхелхаш лела уьш. Церан дахар а дац цхьана сахьтана а тешаме. Экханна тIаьхьа жIаьлеш санна, царна тIаьхьа толлуш лела Iедал. Шина зудчунна а, йалх берана а. Изза бала бу сан накъосташкахь а.
Новкъа ваккха Шаляпин ша машен тIе вуьгуш, уллохь цхьа а воцчохь, пхьарс лаьцна, сацийра Зеламхас:
– Цундела, Федор, ахь илли олуш тхан дегнаш кIадделлера алий, тхох ма кхардалахь. Иза цхьаьнгга а ма дийцалахь. Федора илли олуш, Зеламха а, цуьнан накъостий а, дегнаш а кIадделла, зударех тарбелла хилла бохуш, мостагIий кхаьрдар бу тхох. ХIан, хьан некъ дика хуьлда…