Иштта, 1909-чу шеран аьхка Зеламхин байракха кIел масех бIе обарг вара. Берриг а бацара уьш герз карахь Зеламхин операцешкахь дакъалоцуш. Цхьаберш цуьнан разведчикаш бара. Цхьаболчара цунна а, цуьнан накъосташна а, церан доьзалшна а къайлабовла тешаме меттигаш латтайора, уьш кхерамах ларбора. Кхечара обаргашна герз, духар, кхачанан сурсаташ латтадора.
Шена а ца хууш, Зеламхас боккхачу барамехь партизанийн ницкъаш вовшахтоьхнера. Цуьнан обаргаш тобанашкахь цхьаьнакхетта ца бехара. Операци йан дезаш хилча, Зеламхас цхьана йа масех тобане гулбора уьш, ткъа и операци чекхйаьлча, дIасахоьцура. Уьш цхьаберш шайн доьзалшна, бахамашна тIе йухабоьрзура, ткъа Iедало лоьхурш, цхьацца-шишша, обаргашна тешамечу нахехь лаьмнашкахь къайлабовлура, шайга хаам бинччу сохьтехь Зеламхина тIаьхьахIитта кийчча.
Цундела бархI баттахь обаргашна тIаьхьа талларх, Вербицкийс лаьцнарг веккъа цхьа обарг вара – МартантIера Домбин Нукка.
ТаIзархойн къизаллина дуьхьал хьокъалла боллу бекхам оьцура Зеламхас. Лаьмнашкахь, хьаннашкахь кIелонаш йеш, цIеххьана тIелетарш деш, отрядашна даккхий дараш дора цо. Цул совнаха, ша Вербицкийх ца кхоьрийла хаийта, дийнан делккъехь а, буьйсанна а БуритIа, Соьлжа-ГIала чу а воьдий, хьолахой талабора. ХIокху бархI баттахь Соьлжа-ГIалара хьерийн долахо Проханов, совдегар Резаков, Кроликан складаш, Симоновн гIapaйаьлла туька, кхин дуккха а хьолахой талийнера цо.
Амма къаьсттана йоккха гIoвгIa йаьккхира областехь 1910-чу шеран 8-чу январехь Зеламхас Соьлжа-ГIаларчу станцина динчу тIелатаро. Иза Iаламат майра а, кхераме а тIелатар дара. ХIунда аьлча станци гIали чохь йара, иза ларйеш стражникаш бара, царал совнаха, оцу станцех хоттайеллачу Грозненски станицехь герзех воттавелла масех бIе гIалагIазкхи вара. Соьлжа-ГIали чохь долу эскаран дакъош-м хьехор а дацара.
Буьйса шийла йара, йуьхь а морцуш. БIаьргаш а, марош а доцурш, йуьхь дIакъовлуш, коьртех башлакхаш а хьарчийна, станцина гергакхаьчча, шайн говраш цхьана жимачу боьрахь шина накъостаца а йитина, йуьйлина тоьпаш кара а лаьцна, вовшашна йуккъехь ткъех гIулч йукъ а йуьтуш, меллаша станци чу бахара уьш. Массарел а хьалха Зеламха а, гIалгIайн Саламбек а, ишхойн Жабраил а, царна тIаьхьа Аюб, Абубакар, АнагIеран Жамаьлда, Баматгери-Хьаьжин Iела а вара. Станци а, станица а набарна дIатийнера. Когаш кIел йамартлонца цIийзара ло. XIopш вокзалана тIекхочуш гина машинист, орца ала гIоьртича, Саламбека шаьлта тоьхна вийра. ГIовгIа хезна, схьаиккхинчу шина стражниках цхьаъ вийра, важа, чIогIа чов йина, охьавожийра. Обаргаш вокзала чу бевлча, кхеравелла телеграфист, шершшина, стоьла кIел вахара. Иза кхераме воцийла хууш, цунна зулам ца дира обаргаша. Амма телеграфан а, телефонан а аппаратийн серий хедийра.