Светлый фон

Шина-кхаа дийнахь ойла йира Зеламхас, и сацам кхочуш муха бийр бара-те бохуш. Эххар а ша план хIоттийча, Аюб тIекхайкхира цо.

– Вербицкий бохучу зуьде кехат йаздел, – элира цо, хьийзораш а ца йеш.

Аюба шен йозанан гIирс кечбира.

– Кхо де даьлча, со ГIизларера банк йахьа вoгIy, хьо кIилло баба йацахь, соьга иза ца йахьийта дуьхьалвала алий, йазде.

Аюба дIайаздира иза.

– КхидIа? – хаьттира цо Зеламхе.

– КхидIа хIyммa а ца йаздо. Сан цIе йилла лаха. И хьакха Соьлжа-ГIалахь ду, боху. Деналбек волчу а гIой, и кехат сихха оцу кхахьпане дIакхачаде, ала. Иштта йаздай, цхьа кехат газете дIало а, ала.

Суьйранна, и гIуллакх чекх а даьккхина, Аюб йухавирзича, иза а, Саламбек а йуьстах а ваьккхина, шен сацам а, план а цаьршинга йийцира Зеламхас.

Саламбек реза ца хилира оцу гIуллакхна.

– Цул гергахь ма йу вайна Соьлжа-ГIалара а, Буру-ГIалара а банкаш, – элира цо, жимма ойла а йина.

– Суна оьшург ахча дац, Саламбек. Цкъа-делахь, Вербицкийна со кIилло зуда йоцийла хаийта лаьа суна. ШолгIа-делахь, вай цигара банк йеача, Iедало даржах а вохийна, хIокху махкара дIаэккхор ву иза. КхозлагIа-делахь, оцу зуьдо лелийнчу къизаллашна дуьхьал шатайпа бекхам а хир бу иза.

Саламбека ойла йира.

– ГIизлара гена меттиг йу, Зеламха. ГIумкийн, ногIийн, гIалагIазкхийн мехкашкахула дIасадаха деза вай. Дика герз, дой долуш, масех эзар гIалагIазкхи ву некъашца. ГIизлара чохь эскар ду. Хаси-Юьртахь эскар ду. ГIумкийн, ногIийн йарташкахь пурстопаш бу, шайца дуккха а барамехь стражникаш а болуш. Хаси-Юьртахь долчу эскарал совнаха, Гуьмсе базарахь талораш дина Ардабьевскийн отряд йу. Оцу Делан мостагIашна йуккъехула дIасадахалур дуй-те вай? Тохара Месяцев йийсаре валош хилларг ма хилахьара вайна. ХIетахь иштта гена а ца даханера вай. Хьан да а, ваша а, кхин вайн кхо накъост а вийра.

– Иза шатайпа гIуллакх дара, Саламбек. ХIетахь вайна тешнабехк бинера. Орцанна тIаьхьадаьллачу эскарх кIелхьара а девлла, хIинца-м кхерам бацара вайна аьлла, паргIатдевллачу хенахь. Ткъа хIинца ас дош ло шуна, вайх цхьа стаг ца вуьйш, цхьана стагана чов-чардо ца хуьлуш, дийна, могаш-маьрша цIа дерзо. Баккъал а аьлча, Саламбек, цигахь логге кхаччалц герзашца кечбелла масех эзар гIалагIазкхий а, салтийн эскарш а ца хилча-м, тамаша а бацара ГIизларера банк йахьар. Уьш дуккха а болу дела ма лаьа суна цига ваха. Ваьш кIилло доцийла хаийта, мостагIий мел дукха белахь а, цаьргахь мел дукха ницкъ белахь а, ваьш ца кхоьрийла хаийта.

Саламбек а, Аюб а доза доцуш майра ши стаг вара. Ткъа Саламбек Зеламхел а тIех майра вара. Амма Зеламхас цхьа сацам тIеэцча, иза массо а aгIop бустий, терзанца узий, тIаккха олура цо шен дош. Иза кIиллолла дацара, иза кхерамах ларвалар, шаьш эрна хIаллакьхила цалаар дара. Шен дегIан, шен син ойла кIезиг йора Саламбека. Накъостийн ойла йора. Царна бохам хила, уьш эрна хIаллакьхила, ца лаьара цунна. Иза даим кийча вара, накъостий ларбеш, шен са дIадала.